Эльмурзаева Банажа Iалхан-Юьртарчу библиотекин заведующи ю аьлла дай дита ца лаьа, цу библиотекин нана ю иза.

1973-чу шарахь дуьйна ю иза библиотекехь болх беш. Книгаш дуьненан хааршна тIе некъ буьллу тIай дуй хиира Банажина дукха жимачохь. Казахстанерчу Семипалатински областан Новопокровскин кIоштарчу Казбек юьртахь дуьнен чу яьлла иза 1955-чу шарахь. Нохчийн халкъ шен махках даьккхича цо лайна хало-харцо жимачу йоьIан яхь йолчу дагах чекхйолура.
«Дешна хиллехь ца хила а там бара вайн къам иштта декъаза. Дешарна, книгашна тIедерза деза вай», – иштта яра цо ен цIена ойланаш.
1961-чу шарахь Нохчийчу цIабирзира церан доьзал. Оццу шарахь шайн юьртарчу школе деша яхана, 1970-чу шарахь чекхъяьккхира школа. Нехан цIен тIе яхара иза.
Цхьана дийнахь, хIетахь иза Соьлжа-ГIаларчу ТЭЦ-3 предприятехь балхахь яра. Отпускехь йолчу юкъана шайн кIоштан библиотеке яхара. Хьалха-Мартан кIоштан культурин отделан заведующи вара Гадаев Леча. Цуьнга шена библиотеке балха ян лаьара элира Банажас. «Ахь хIун ешна?» – хаьттира Лечас. Банажа иттех книга ягаръечу кхаьчча сацийра цо «тоьар ду» аьлла. Балха хIоьттинчу шарахь Соьлжа-ГIалахь йолчу Культпросветучилище деша яхара.
Цу шерашкахь Iалхан-Юьртарчу библиотекин заведующи Осмаева ПетIамат яра. Оьзда, яхь йолуш, нохчийн гIиллакх, нохчийн культура евзаш-езаш яра иза. ПетIамат а яра Банажа санна нохчийн яздархой дукхабезаш а, даима книгаш йоьшуш а.
ПетIамат 1978-чу шарахь кхелхира. Цуьнан метта библиотекин заведующи Банажа хIоттийра, ткъа библиотекарь Iалхан-Юьртарчу Культурин цIийнан исбаьхьаллин отделан куьйгалхо йолу Адакаева Малкан хIоттийра.
Бертахь, болх дукхабезаш къахьийгира цара. Банажас дагалоьцу: «Цу хенахь ешархой алссам бара. Яздархошца цхьаьнакхетарш дора. «Перестройка» йолаелча «Свобода слова» бохучу материалаша а алсамбехира ешархой. Вайн къам цIерадаккхарх дийца долийча А.Приставкинан «Ночевала тучка золотая» повесть зорбане елира «Знамя» журналехь. Оха тхайн библиотекехь ешархойн конференцеш йора. Дийцаре дора тхайна хетарш. А.Рыбаковн «Дети Арбат а» йоьшура наха. А.Солженицынан «Есть такая нация» бохуш яздина дешнаш («Архипелаг Гулаг» книги тIера), нохчех лаьцна хиларх даккхийдедора. Юьртахошна юкъахь литературе, ешаре безам кхолла гIерташ болх бора оха».
Белхан шерашкахь уггаре а дагахь лаьттина хилам муьлхарниг бу хьуна? – аьлла хаьттича, цо элира: «Сатуев Хьусайнан 50 шо кхачарна лерина суьйре яра». Банажа жима яра хIетахь.
Нахана хьалха а хIоьттина къамел дан эхь хеташ йолу иза, Соьлжа-ГIала Яздархойн союзе еара шена гIо доьхуш. Цигахь Арсанукаев Шайхи, Сулаев Мохьмад, Шайхиев Iалвади карийра цунна. Сатуев Хьусайнан кхоллараллин суьйре вовшахтухуш накъосталла оьшура шена элира цо яздархошка. «Бераш кийча дуй хьан, байташ еша? Кхин хIумма а ца оьшу. Тхо-м хьоьжуш дара Iалхан-Юьртахоша цхьа а кечам бой техьа шайн юьртахо лоруш бохуш. Ахь адам гулде, диснарг оха дийр ду. Са ма гатде», – аьлла дог ийцира жимачу Банажин Сулаев Мохьмада. «Культурин цIийна чу ца тарлуш дукха адам гулделлера. Шеца яздархой, артисташ балош схьакхечира Мохьмад а, Шайхи а, Iалвади а. Суьйре хаза, чулацаме яра. Хьусайн а чIогIа ирсе вара» – дагалоьцура Банажас. Кагерманов Доккин, Кусаев Iадизан, Мусаев Мохьмадан, кхин ца йинехь цхьа бIе сов кхоллараллин суьйре йина Банажас.
Эльмурзаева Банажас культурин хьаьрмахь хьанал къахьегарна 2003-чу шарахь Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо цIе елла.
Тахана а ю иза хIора книгин, газет журналан сий-пусар деш къахьоьгуш. Берашна, кегийрхошна книгаш ешар марздар ю цуьнан белхан хилла ца Iаш дахаран а коьрта Iалашо.
Дика доьзал кхиийна цо. Юьрто лоруш, сий деш ю иза. Библиотекин нана хилла ехаш ирсе ю иза.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№83, оршот, мангалан (июль) беттан 26-гIа де, 2016 шо