Саьлнашкара гIаланаш, ярташ гIиттош…

2000-чу шеран 29-чу августехь арабелира Россин Федерацин Правительствон «2000-чу шарахь Нохчийн Республикин экономике а, социальни декъе а лартIехь болх байтарна кхачояран хьалхарчу рогIерчу гIуллакхийн хьокъехь» болу №639 йолу сацам. Цу тIехь билгалдаьхна дара регионан социально-экономикин инфраструктура меттахIотторехь хьалхарчу рогIехь кхочушдан деза гIуллакхаш.

C4TByawFtzs

Оццу шарахь тIеийцира «Нохчийн Республикин экономика а, социальни дакъа а (2002-гIа шо кхаччалц а, цул тIаьхьарчу шерашкахь а) меттахIотторан» Федеральни Iалашонан программа. Цу тIехь билгалъяьхна яра Нохчийчоьнан экономика меттахIотторан хенаш а, финансировани яран хьостанаш а.

Республикина уггаре а хала еанчу хенахь хIоьттира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа регионан куьйгалле. Саьлнашкахь Iохкуш яра ярташ а, гIаланаш а. Йохийна дIаяьккхинера промышленность. ЧIана баьккхинера юьртан бахам. Болх беш йоцчу хьолехь яра меттигерчу кхочушдаран Iедалан система, болх беш яцара бахархошна социальни кхачояран учрежденеш. Йохийна яра хIусамийн-коммунальни бахаман предприятеш.

Керлачу куьйгалхочун билггал зеделларг дара гIишлошъяран-меттахIитторан белхаш вовшахтохаран. Цо гIо дира цунна республика когахIотторан гIуллакхашна сихха юкъаваха. Политик хиларе терра, иза дика кхетара экономика чIана яьллачу а, политикин кегарий болчу а хьелашкахь уггаре а хьалха регионна урхалла даран юкъара цхьа система хила езаш а, оьшуш а хиларх.

Республикин Куьйгалхочун даржехь ша яьхна дуьххьарлера гIулчаш дагалоьцуш Ахьмад-Хьаьжас яздора: «Болх бан дIаволавеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна суна сайна тIехь хааяла юьйлаелира 1991-чу шарахь дуьйна закон а, Iедал а доцуш дIаяханчу хенан тIаьхье. Iаламат дукха бара Iедалан мерзачу, чомехьчу хьокхамах катоха лууш берш, иштта Iаламат кIезиг бара гIуллакх дIадахийта гуьнахь болу, гIуллакхах дог лозуш болу говзанчаш. Тоьаш дацара белхан зеделларг, урхалла даран хаарш. Воьдуш лаьтташехь Iама везаш вара, карадерзон дезаш дара куьйгалла даран Iилма. Гуобаьккхина тIом бара, дойъуш адамаш дара, дерриге а дохийна, аьтта дара… Халкъ хьере хилла, дерригенах дог диллина дара. Ахча дацара. Мацалла яра. Стагана хене вала оьшучех цхьа а хIума тоьаш дацара. Оцу халачу, чолхечу хьелаш-кахь дIахьош дара лахара дуьйна Iедалан структураш вовшахтохар».

Шайна дерриге а ма-дарра гийтинчарна а, кегарийна а дуьхьал дIахьочу оцу халачу къийсамехь толам баккхархьама оьшура закон а, Iедал а хиларх халкъ тешор, законна хьалха массеран а цхьабосса бакъонаш хиларх, хIора доьзалан, хIора стеган паргIат Iен а, ваха а бакъо хиларх тешор. Ша дарже хIоттийча Кадыров Ахьмад-Хьаьжина хьалха хIоьттина коьрта декхар дара кхочушдаран Iедалан меттигерчу органийн болх сихонца вовшахтохар. ТIом дIаболабелча хIиттийна болчу меттигерчу администрацийн куьйгалхойн гIуллакхаш а, болх а тIеман хенан законашка хьаьжжина бара. Бакъдолу Iедал тIеман комендантийн карахь дара. яртийн дайшна тIаьхьа бевлла, уьш лоьхуш, царна кIелонаш еш бара, журналисташна а, хьехархошна а, Iеламнахана а санна, законехь йоцчу герзашца йолчу тобанийн дакъалацархой. 2000-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь бандитийн карах меттигерчу администрацийн 106 куьйгалхо кхелхина.

Iедалан меттигерчу органашка керла куьйгалхой лехна ца Iаш, цаьрга мегарг болх байтарна оьшу хьелаш кхолла а, Нохчийчохь кхочушдаран Iедалан система юха вовшахтоха а дийзира А-Хь.Кадыровн. 2000-чу шарахь республикехь вовшахтуьйхира 19 кIоштан администраци, республикин тIегIанера – 2, кIоштан куьйга кIелахь – 2, иштта 213 – юьртан администраци.

8fe82f52dd7a

Вовшахтохараллин болх дIабахьарца цхьаьна Ахьмад-Хьаьжас жигара дIахьош дара Нохчийчоьнан администрацин бакъонаш шоръярна тIехьовсийна гIуллакхаш а. И бахьана долуш В.В.Путинан Указаца 2001-чу шарахь республикин администрацин куьйгалхочун статус дикка лакхаяьккхира. Цунна бакъо елира, Россин Федерацин Президентан Къилба федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векалх дага а волуш, республикин правительствон председатель балха хIотто а, даржера дIаваккха а.

Нохчийчоьнан ханна йолчу администрацин куьйгалхочун бакъонаш шоръяран хьокъехь долчу Россин Федерацин Президентан Указах шена хетарг довзуьйтуш Кадыров Ахьмад-Хьаьжас элира: «Iедалан структура хийцаелла. Вайн правительство яцара, хIинца иза ю. Тахана вайн аьтто бу, Россин Федерацин кхечу субъектийн санна, правительствон кхеташонашкахь дакъалаца. Нагахь санна оьшуш хьал хилахь, Россин Правительствон председатель волчу гIур ву вайн правительствон председатель, сан заместитель а, я муьлхха а кхин чиновник а ца воьдуш. Ткъа бакъонех дерг аьлча, царах лаьцна хIун дуьйцур ду республикехь долчу хьолана тIемалоша боккха тIеIаткъам беш хилча? ТIемалой, тIемалой бу-кх. Цундела цкъачунна хала ду. Делахь а цаьрца бийца мотт карабо суна. Уьш сох кхета а кхета».

Делахь а, федеральни бюджетера Нохчийчоь меттахIотторна хьовсош йолу харжаш а, материальни мехаллаш а «Нохчийн Республикехь гIишлошъяран-меттахIитторан белхаш дIабахьаран дирекци» Федеральни казенни предприятин карахь яра. Цуьнан коьрта декхар дара «Нохчийн Республикин экономика а, социальни дакъа а меттахIоттор» Федеральни Iалашонан программа кхочушъяр. Амма предприятин куьйгаллехь баккхийчу барамашкахь коррупци, бюрократизм, тяжгенаш хиларо, цуьнан белхахошна республикехь долу хьал ца довзаро чIогIа новкъарло а йора, сеца а дора регионан социально-экономикин структура меттахIотторан гIуллакхаш.

Шен цхьана интервьюхь, меттахIитторан белхийн мах хадош, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас элира: «МеттахIитторан белхаш дIабахьаран юкъара цхьа куьйгалла ца хиларо новкъарло а йо, сеца а бо меттахIитторан белхаш. Карарчу хенахь гIишлошъяран-меттахIитторан белхийн заказчик ю федеральни 24 министерство. Суо хIокху дарже хIоттийначу хьалхарчу дийнахь дуьйна ас дIахьедеш ду могашалла Iалашъярехь, дешарехь, кхечу дакъошкахь меттахIиттош йолчу объектийн цхьа заказчик хила везаш хилар, берриге а белхашна тIехь куьйгалла деш цхьа орган хила езаш хилар. Мехкан куьйгалле а дукхазза баьхна ас оцу хьокъехь дерг.

Хьесапе эца деза тахана социально-политикин гIуллакхаш кхочушдар Нохчийн Республикера юкъараллин-политикин хьал синтеме дерзорехь дикачу агIор хаалуш хилар».

Республикин бахархойн дахар лартIехь долчу дахаран хорша дерзорехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас иштта мехала лорура дахарехь доккха маьIна лелош йолу социально экономикин декъера объекташ меттахIиттор: ярташна, гIаланашна электричествоца, газаца, молуш долчу хица кхачояр; школашна, больницашна ремонт яр; республикин ярташка юкъараллин транспорт лелийтар меттахIоттор; бахархойн уггаре а эгIаза долчу чкъурана социальни кхачояр.

Нохчийчохь тIемаш дIабуьйлабеллачу юьххьехь дуьйна, Теркал дехьара кIошташкарнаш боцурш, берриге а бахархой электросерло, газ йоцуш бисинера. ТIемаш бахьанехь электроэнергица кхачояран система республикехь хIаллакйинера. Куьйгалхо хиларе терра, Ахьмад-Хьаьжа кхетара электричество ца хилча предприятешка, медицинин а, дешаран а учрежденешка мегарг болх балург цахиларх. Ша дарже хIоьттинчу хьалхарчу масех баттахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас 184 юьртана а, гIалина а электроэнергица кхачояр меттахIоттадайтира, газаца кхачояйтира 112 юьртана а, гIалина а, хица кхачояйтира 11 райцентрана. Тояйтира 384 школа, могашалла Iалашъяран 100 сов учреждени.

Масех баттахь ша бинчу белхан жамIаш деш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас яздира: «Таханлерчу дийнахь шен-шен хенахь пенсеш а, пособеш а дIадалийтаре кхаьчна вай. ДIалуш ду белхан алапа а. Жим-жима меттахIуттуш ду медицинин хьашташ кхочушдар. Болх беш ю школаш а, ВУЗ-ш а. Мелла а хийцамаш бу экономикехь а, социальни декъехь а. Меллаша, амма саццаза дIахьош ду культура меттахIоттор. Билгалдаккха деза вайн халкъа юкъахь похIме нах дукха хилар. язъеш а, арахоьцуш а ю книгаш. ХIиттош ю керла концерташ. Вай долчохь арахоьцуш ду иттаннаш газеташ а, журналаш а. Царна юкъахь ду берийн «СтелаIад» журнал.

Стохка республикехь хьийкъина буьртиган ялта кхиийра. Луларчу регионашкахьчул алсам дара иза, цигахь аьттонаш вайчул дуккха а алсам хиллехь а. Дика хьийкъина кхуьуш ду ялта 2002-чу шарахь а. Кхуьуш ду мехкадаьтта даккхар. Таханлерчу денна вай дIадайъина мехкадаьттанан дерриге а хаьштигаш. Цара доккха зен дора. Бахамна деш долу зен ца хьехийча а, тоьар дара цо Iаламна деш хилла зен. Герггарчу хенахь вайн таро хир ю меттигера мехкадаьтта дохкарх хуьлуш долчу ахчанах вайна бакъонца йогIуш йолу проценташ схьаэца… Когаш тIехь тIаьхь-тIаьхьа чIагIлуш бу Нохчийчоьнан газан бахам а. Билгалдаккха деза, вайн хьолах кхета а кхеташ, федеральни центро дахарехь-Iерехь вай пайдаоьцучу газах а, электричествох а вайгара мах боккхуш цахилар.

Адамашкахь тешам кхоллабелла машар хирг хиларх. Бахархой тIеттIа жигара юкъабогIуш бу республикин юкъараллин-политикин дахарна. Алсам болуш бу халкъан Iедале болу тешам».

ТIемаш бахьанехь йохийна хилла социально-экономикин инфраструктура меттахIотторан декхар кхочушдар холчу доккхура шен-шен хенахь финансировани еш цахиларо. Нагахь санна бюджетан декъехь болх бечарна белхан алапа, берийн пособеш, пенсеш шен-шен хенахь дIалуш хиллехь, финансировани яран чолхе схема бахьана долуш меттахIитторан белхаш дIабахьарна оьшу ахча республике шен хеннахь кхочуш дацара.

МеттахIитторан белхашна финансировани ярна резацахилар гойтуш Ахьмад-Хьаьжас яздора: «Со, масала, ванне а резавац вай долчохь хIусамаш а, производственни объекташ а меттахIиттор дIадахьаран боларшна. БIаьсте чекхйолуш ю. Ткъа вай хIинца а ваьш долччохь лаьтташ ду, хьалхахьа даха ницкъ боцуш. Тоъане а тоьаш яц гIишлошъяран коьчалш.  Оцу белхашна ян ма еззара еш финансировани яц. Оцу декъехь деш цхьацца хIума-м дера ду. Амма иза вуно кIезиг ду. Кхачаме дац».

Цунна хетарехь, хьалхарчу рогIехь меттахIитто езаш яра дукха харжаш ян езаш йоцу а, меттахIитторна дукха хан оьшуш йоцу а предприятеш. Оцо цхьадолчу декъана мукъана а дIаяккха тарлора белхазаллин проблема, иза республикин бюджет тIеюзаран хьоста хила а тарлора. Оцу тайпа декхарш кхочушдарна тIе а тийжаш, республикин куьйгаллин аьтто белира йоццачу хенахь «Трансмаш», «Пищемаш», «Красный молот», «Оргтехника», иттаннаш кхин предприятеш болх бан юьйлаялийта. Цара 2001-гIа шо долалуш 500 эзар соьмана продукци арахецнера.

Республика меттахIотторан уггаре а коьрта декхар лорура Кадыров Ахьмад-Хьаьжас мехкадаьттанах гIуллакхдаран комплекс меттахIоттор. Цунна хетарехь, цо гIо дийр дара регион экономика сиха кхиорна. Советийн оьмарехь Нохч-ГIалгIайн мехкадаьттанах гIуллакхдаран комплекс цуьнан экономика кхио-ран коьрта бух бара. ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь Нохч-ГIалгIайчохь дийнахь-бусий юккъерчу хьесапехь мехкадаьтта даккхар уггаре а лакхарчу бараме кхаьчнера. Соьлжа-ГIалара мехкадаьтта даккхаран промышленность йилличхьана оцу дозанашка кхаьчна а дацара. Цо таро елира Къилбаседа Кавказан регионашна юкъахь хьалхарчу метте кхача, ткъа махкахь – йолхалгIачу метте кхача.

0_c2de8_e7e09356_orig

И бахьанехь сихха лакхаделира мехкадаьттан промышленностан санехь хилар. 1965-чу шарера 68 миллион сом пайда хилира цунах. Цо тIедалийра 1958-чу шарера 1965-чу шаре кхаччалц доккхуш хиллачу мехкадаьттанах шех дIаболуш болу мах кхузза лахбаларна. 1958–1965-чуй шерашкахь шорйира мехкадаьттан биргIанийн сеть. Цуьнан юкъара йохалла 175,9 километре кхечира. ГIуллакхдан йолаелира Карабулак (Эльдархан-ГIала) – Соьлжа-ГIала, Ачалуки – Карабулак, Ачалуки – Заманкул, Вознесенски – Соьлжа-ГIала мехкадаьттан биргIанаш. Мехкадаьтта даккхар алсамдаларо аьтто бора мехкадаьттанах гIуллакхадаран промышленность кхиоран боларш сихдан. Алсамдовлуш дара мехкадаьттанах гIуллакхдечу предприятеша арахоьцучу сурсатийн тайпанаш, лакхадолуш дара производствон техникин тIегIа, кхуьуш яра производственни нуьцкъаллаш. Оцу дерригено а гIо дира 1958–1965-чуй шерашкахь мехкадаьттан сурсаташ арахецар алсамдаккхарна. Юьхьанцара гIуллакхаш дина сурсаташ арахецар 62 процентана алсамделира, дизелан ягориг – 17 процентана, машенийн бензин – 47 процентана.

ДЕЛИМХАНОВ АДАМ

№83, оршот, мангалан (июль) беттан 26-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: