Россин Федераци социально-экономикин декъехула 2035-гIа шо кхаччалц кхиоран концепци кхолларна леринчу Стратегин дIадолорийн форумехь дакъалецира Нохчийн Республикин векалша а.
Стратегин дIадолорийн агентствос вовшахтоьхначу форумехь дакъалецира бизнесменаша, Iилманчаша, кхочушдаран Iедалан векалша, кхечара. Иза дIаяьхьира Москварчу Ерригроссин гайтаман туьшахь (ВВЦ). Нохчийн делегацис форумехь масех проект гайтира. Амма къаьсттина билгалъяккха йогIу, пилоташ а боцуш тIема йовлучу аппараташна охьаховша а, зарядка ярна а лерина йолчу платформин проект.
Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIонехь билгалдаккхарехь, Нохчийн пачхьалкхан университетан инновацийн «Четеч» жимачу предприятис «Къона говзанчаш» АСИ-экспресс зонехь гайтина йолу и проект тайнера дуккха а хьешашна а, Россин Федерацин куьйгаллина а.
«Ас дозалла до Россин Федерацин Президента Путин Владимира вайн делегацис гайтинчу проектийн лаккхара мах хадорах а, Къоман технологин дIадолорийн стратеги кхочушъярна юкъа Нохчийн Республика яхана хиларх а», – яздира цо.
Билгалдаккха догIу Стратегин дIадолорийн агентствос вовшахтоьхначу форумо шен хьалхарчу цхьана дийнахь, 21-чу июлехь, ВВЦ-хь гайтаман 500 сов дакъалацархо а, 6 эзар сов хьажархо а гулвина хилар.
Форуман «гIуллакхдаран программица» нийса а догIуш, гайтаман дакъалацархошна а, хьовсархошна а йовзийтира Къоман технологийн дIадолорийн стратеги – Росси лидер хила езаш йолу керла рынкаш кхолларан программа.
И.АДАМОВ
№84, еара, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2016 шо