Билгалбевлла «Машук» форуман дакъалацархой

Соьлжа-ГIаларчу Кегийрхойн цIийнехь дIахьош хилла йолу Нохчийн Республикин кегийрхойн «XXI-чу бIешеран нохчийн кегийрхой» конкурсана проекташ схьаэцар чекхдаьлла. 18-гIа июль кхаччалц кегийрхой Iемира, шайн проекташ вовшахтоьхна, йозанехь уьш кечъян. Проекташ язъярехь болчу говзанчаша-эксперташа гIо дора кегийрхошна. СКФО-н кегийрхойн политикин кадрови ницкъаш кхиоран Туьшан говзанчаша бира болх.

IMG_9194 (1)

Дешар чекхдаьлча, эксперташа мах хадийна йолу шайн проекташ къевсира кегийрхоша. Оцу проекташна юкъара 250 болх схьакъастийраэксперташа. Церан авторша Ерригкавказан кегийрхойн «Машук–2016» форумехь дакъалоцур ду.

Дагадаийта лаьа, кегийрхойн проектийн конкурс Нохчийн Республикин ВУЗашкарчу студентийн гIоьнца вовшахтоьхнарг а, дIаяьхьнарг а Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министерство хилар. Нохчийн Республикин, Россин, СКФО-н юкъараллин-мехала проблемаш дIаяхарехь гIо даре болчу сатийсамца еш ю «Машук–2016» форумна оьшу проекташ. Кегийрхошна дика майда ю иза патриотизм, хьуьнар, хаарш Даймехкан социальни, экономикин, культурин, юьртабахаман агIонаш кхиорехь шайн дакъа юкъадилла.

«Машук–2016» форуман дакъалацархоша проекташ 10 номинацехула язйина. Уьш ю:
– «Iилманан-техникин кхолларалла»;
– «граждански журналистика»;
– «политикин гIуллакхалла»;
– «кегийрхойн предпринимательство»;
– «хIусамийн-коммунальни бахаман комплекс»;
– «студентийн цхьаьнакхетараллин проекташ»;
– «кхузаманан искусство а, культура а»;
– «социальни хьежамийн проект»;
– «хIумадовзаран туризм»;
– «юкъараллин лидер»;

Ткъа кегийрхойн а, берийн а юкъараллин цхьаьнакхетараллаша хьалхатеттина проекташ хIокху номинацешкахула яра: «кегийрхойн ийманехь кхетош-кхиор а, граждански дешар а»; «кегийрхой социальни практикина юкъаозор»; «похIмечу а, жигарачу а кегийрхошна гIодар»; «дахаран халачу хьелашкахь бехачу кегийрхошна гIодар».

Оцу проектийн конкурс вовшахтоьхначара дийцарехь, царна хьалха лаьтта Iалашо Нохчийн Республикин кегийрхошна гуш йолу юкъараллин мехала проекташ йовзийтар а, дешаран учрежденешкахь болчу кегийрхойн похIма, хьуьнар гучудаккха майда кхоллар а ю.

З.ХИЗИРОВА

№84, еара, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: