Цхьаъ дешин а, шиъ детин а мидалш еара Краснодарски крайерчу Анапа гIалахь дIадаьхьначу бIаьхаллин кепара латаран Дуьненаюкъарчу Кубкан Евроазиатски муьран къийсадаларшкара нохчийн спортсменаша.
Верриге а 14 спортсмен вара Нохчийчуьра оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш. Шен йозаллин категорехь (47 кг.) хьалхара меттиг яьккхира Дакаев Iадлана – №7 йолу ДЮСШ. Бажаев Мовладис (52 кг.) – №13 йолу ДЮСШ, Джабраилов Адама (42 кг.) – №14 йолу ДЮСШ шолгIа меттигаш ехира. Оцу къийсадаларшна вайн спортсменаш кечбинарг ву тренер С.Даудов.
З.ШИШХАНОВА
№84, еара, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2016 шо