Дохнна юкъахь яьржина йолу «нодулярни дерматит» цамгар кхидIа дIаса цаяржийтарехьа жигара къахьоьгуш бу ветеринарно-санитарни службин белхахой а, фермерш а. Иштта хаам бина республикин Правительствон Ветеринарин урхаллин ветеринарно-санитарни экспертизин декъан хьаькама Чукаев Адама.
Цо билгалдаккхарехь, карарчу хенахь и цамгар республикин ерриге а кIошташкахь яьржина ю. Амма, Россехь а цхьаьна, цунна вакцина цахилар бахьана долуш, цкъачунна цамгар сацалуш яц. «Нодулярни дерматит» (цунах «кожная бугорчатка» а олу) республикехь дуьххьара хааелла 2015-чу шеран август баттахь. Говзанчашна хетарехь, Нохчийчу и цамгар Дагестанера кхаьчна. Цамгар хааеллачу хьалхарчу муьрехь иза яьржаш а яцара, антибиотикашца лелийначу дарбано дIайоккхуш а яра. Делахь а, 2016-чу шарахь и цамгар республикехула дIасаяржарна хилла кхерам мел халахеташ делахь а, кхочушхилла. Таханлерчу дийнахь цамгар дIасаяьржина Нохчийчохь а, иштта Къилбаседа Кавказан кхийолчу республикашкахь а.

«Оцу цамгарна (вирусна) дуьхьал латтош къийсам бу Россин Къилбан ерриге а бохург санна субъекташкахь. Вайн республикехь иза кхачаза цхьа а юрт я кIотар а яц. Вирус чIогIа кхераме ю, шеца и йолу даьхни, дукха хьолахь, леш а ду. Тхайга далург деш ду тхо, амма цкъачунна цунах пайда кIезиг хуьлу. Вакцина ца хилча, кхин пайда болийла а дац. Бакъду, вайн мехкан Iилманчаш къахьоьгуш бу вакцина кхолларна тIехь», – элира А.Чукаевс.
Республикин Правительствон Ветеринарин урхалло официально баржийначу хаамашца нийса а догIуш, карарчу хенахь и цамгар кхетта 4,5 эзар бежана ду республикехь, цунах кхелхина 300 бежана. Амма бахархоша билгалдаккхарехь, оцу цамгарх Теркан а, Невран а кIошташкахь делла 800 сов бежана.
«Къилба Африкера схьаяьлла йолу цамгар вайн республике кхаьчна. Бежанашна а, адамашна а иза кхераме ю бохуш, социальни сеташкахула хаамаш лелаш болу ахшо даьлча бен, вайн ветеринараша иза багах а ца даьккхира. Уьш бага хи эцча санна Iачу муьрехь, Невран а, Теркан а кIошташкахь бежанаш леш дара. Цигарчу бахархоша билгалдаккхарехь, церан 800 сов хьайба кхелхина. Соьлжа-ГIалина гуонахарчу хIора юьртахь а оцу цамгарх, мел лахара а, 5–10 бежана делла. Ветеринараша и цамгар адамашна кхераме яц боху. ТIаккха, иза кхераме ца хилча, дIадаханчу рузбанахь оцу цамгарх кхелхина долу бежанаш лаьттах а ца духкуш, дIа а ца кхуьйсуш, дагаде хIунда аьлла?! Ярташкарчу маьждигашкахь дина къамел ма ду иза», – бохуш, шен ойла йовзуьйту Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштан вахархочо Салаев Вахита.
Ткъа Чукаев Адама дийцарехь, «нодулярни дерматит» – хIинццалц Юккъерчу Африкин пачхьалкхашкахь бен хилла йоцу цамгар ю. Росси иза дIадаханчу шарахь бен кхаьчна а, адамашна шеца цхьа а кхерам болуш а яц. Цамгар дIасакхоьхьурш цIий молуш йолу сагалматаш ю. Ветеринараш а, фермерш а оцу цамгарна дуьхьал къийсам латтош ю, амма иза яккхий харжаш оьшуш гIуллакх ду. Цундела, дуккха а фермерша шайн даьхний дIадохуш ду. Ткъа бахархоша, уьш оцу цамгаро хIаллакдина бохуш, харц хаамаш баржабо.
Цул сов, А.Чукаевс чIагIдо, оцу а, я кхечу а цамгаро лаьцначу бежанан жижиг бахархойн стоьлаш тIе кхочург цахилар.
«Жижиг дохка охьадиллале, цунна ветеринара таллам беш бу. Амма ветеринара иза ца динехь а, бахархошна хаа ду, оцу цамгаро лаьцначу бежанан жижиган мокха бос а, тамашийна хьожа а хилар. Нагахь санна, аш и жижиг илла-билла эцнехь а, кхехкийначул тIаьхьа иза шеца цхьа а кхерам болуш дац», – элира цо.
И.ИСЛАМОВ
№84, еара, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2016 шо