Россин тхэквондахой – Европин чемпионаш

Мангал беттан 23–26-чуй деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Олимпийски» спорткомплексехь дIаяьхьира WTF тхэквондохула кегийрхошна юкъахь европехь хьалхеяккхаран чемпионат. Цигахь дакъалоцуш вара 20 пачхьалкхера 196 спортсмен. Къийсадаларшкахь хьалхе къовсуш хиллачу 21 шо кхачаза болчу спортсменашна юкъахь 40 Россера вара. Цара къийсамаш дIабаьхьира йозаллин 16 категорехь хьалхеяккхарехьа.

Шамиль Кахерхаджиев Грозный-информ

Чемпионат дIайолаяларна леринчу даздаршкахь дакъалоцуш хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, ткъа иштта тхэквондон Европин союзан вице-президент Буитенхуис Фред а, Россин тхэквондон союзан президент Терехов Анатолий а. Цара декъалбира хIокху сий-ларамечу чемпионатехь дакъалаца баьхкина къона спортсменаш. Церан бIаьрла кхиамаш хуьлийла шайна лууш хилар дIа а хаийтира.

Деа дийнахь дIабаьхьначу ирачу къийсамашкахь финалехь дакъалаца бакъо яьккхира Хонкарарчу, Украинерчу, Польшерчу, Россерчу, Желтойчуьрчу спортсменаша. Финал дIайолийра Польшерчу Кавальчук Александраний, Россерчу Музычка Ольгиний юкъахь. Йозалла 83 кийла йолчу категорехь леташ хиллачу оцу шина йоIах цхьа а толам дIабала лууш яцара. Цуьнга хьаьжжина хилира кхаа раундан жамI а – 3:3. КхитIе а йолчу раундехь (иза хьалхара тохар даллалц хуьлу) толам баьккхира вайн махкахочо.

Цул тIаьхьа яхь къовса юкъавелира шайн йозалла 87 кийла йолу Россера Метельников Александр а, Хонкарара Байрам Тальха а. Кхузахь а толам боккху россихочо. Иштта, финалехь цхьаьнакхийтира Россера Бакланова Анастасия а, Хонкарара Белчехан Селек, Россера Терехов Руслан а, Хонкарара Челин Омар а. Хьалхарчу тасадаларехь россихочо толам баьккхинехь, шолгIачу тасадаларехь «ирс деладелира» туркочунна. Цаьрца цхьаьна хIокху чемпионатехь толамаш бехира Шахаудинова Регинас (46 кг, Росси), Андероупоулу Йоанас (49 кг, Германи), Владимиров Алексейс (54 кг, Росси), Югайя Владислав (68 кг, Росси), цхьамогIа кхечара.

Цу тайппана тхэквондо латарехула Европин чемпионатехь командашна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира Россин вовшахтоьхначо командо, ШолгIа меттиг – Хонкаро, кхоалгIа меттиг – Желтойчоьно. Толамхошна а, шолгIий, кхоалгIий меттигаш яьхначарна а мидалш а елира, мехала совгIаташ а дира.

Соьлжа-ГIалахь тхэквондохула кегийрхойн Европин чемпионат дIахьочу деношкахь Нохчийчохь дуьххьара дIаяьхьира тхэквондон Европин союзан дуьненаюкъара конгресс. Иза «Грозный-Сити» отелан конференц-залехь хилира. Цигахь дакъалоцуш вара тхэквондон Европин союзан вице-президент Буитенхуис Фред а, Россин тхэквондон союзан президент Терехов Анатолий а.

Конгрессехь дийцаре дира Европехь а, ткъа иштта Россехь а кхидIа а тхэквондо кхиоран, цуьнга марзо кхолларан декъехь дан деза гIуллакхаш. Тхэквондон Европерчу федерацийн векалшна шаьш йинчу докладашкахь бовзийтира шайн кхиамаш, спортан и кеп кхиорехь шайна хетарехь дан дезарш а. Ткъа Ф.Буитенхуиса а, А.Тереховс а Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна даггара баркалла элира Соьлжа-ГIалахь Европин чемпионат дIаяхьарна башха хьелаш кхолларна а, делегацешна, спортсменашна дика хьошалла дарна а.

Д.АНАДЕВ

№84, еара, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: