Тергамхо хила таро ю муьлххачун а

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хIокху деношкахь цхьаьнакхийтира Ерригроссин «Единая Россия» политикин партин нохчийн отделенин региональни харжаман штабан куьйгалхочуьнца, республикин дешаран а, Iилманан а министраца Байханов ИсмаьIалца. Цо цуьнга дIаелира шен харжамел хьалхара программа. Иза цуьнга дIа а луш, цо билгалдаьккхира ша республикин бахархошка шега далун доцург а, дан лерина воцург а дийр ду бохур долуш цахилар.

«Замано гайтина хьаьнга хIун далур ду. Иза адамашна хаьа. Амма ас цхьа хIума эр ду: ас бюллетенашца харцо, хьарамло лелайойтур яц, бозбуанчаллаш леладойтур дац. Иза цIена бакъдерг ду. Адамашка беккъа цхьа кхайкхам бу-кх тхан: харжамашка дуьйла, шайна луъчу кандидатехьа кхаж таса», – элира Кадыров Рамзана.

ХIокху шеран 18-чу сентябрехь дIахьон болчу харжамашкахь тергамхой хилар дий-хира цо лууш болчаьрга массаьрга а. Иза, партийн цIарах болчу тергамхойх хьакхаделла ца Iаш, массарах а хьакхалуш ду, харжамашна реза воцчух а, харжамехь дакъалоцуш болу кандидаташ шен мостагIий лоручарах а.

«И харжамаш исторически а, цIена а, цхьа а хьулам боцуш а хила беза. Ас официально дIахьедо: демократин харжамаш ган лууш мел верг массо а Нохчийн Республике вола. Иза берриге а тергамхошка боху ас, сайн доттагIашка а, доттагIий боцучаьрга а, ур-атталла мостагIашка а. Дуьйла республике, хьовса харжамаш муха дIахьо. Со сайн халкъах тешаш ву. Нагахь санна сан халкъо сох республикина куьйгалла дар тешадахь, оха цхьаьна болх бийр бу тхайн регионан а, цуьнан бахархойн а зовкхан дуьхьа. Со тешна ву оха Нохчийчоь мехкан тоьллачу субъектех цхьаъ йийриг хиларх, тхан бераша, берийн бераша тхох дозалла дийриг хиларх», – элира Кадыров Рамзана.

Баккъал а, шен халкъах оццул бIо булуш, цунах тешаш куьйгалхо хир вац вайн мехкан цхьана а регионехь хьовха, дуьненан цхьана а пачхьалкхехь. Вайга массаьрга а харжамийн дай хила боху цо, цIена а, хьанал а кхажтасарца, шайна дика хетташ верг Нохчийчоьнан куьйгалхо а харжа, парламентан депутат а харжа, харжамашна тIехь терго а латтае боху. Иза бакъ а лоь. Дала харжамаш дIабахьа ма безза дIабахьа хьекъал а, кхетам а лойла вайна.

Хь.САЙДАЕВ

№84, еара, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: