Меттигашкахь шаьш урхалла даран органаша гIо а лоцуш, Нохчийн Республикехь планаца дIахьош ду юьртан бахам дIаязбар. «Чеченстатан» белхахоша хIора денна шайн тидамехь латтабо республикехь оцу декъехь дIахьош болу болх. ХIора пхи де мел дели цунах болу хаамаш дIало «Росстате». Иштта, 22-чу июлана тIекхочуш бахам дIаязбархой бахархойн 45 процент болчу гIоьналлин бахамех чекхбевлла. ДIаязбан безачу бахамийн уггаре а доккха дакъа ду иза. Ярташкахь хаттам биначеран барам 45 проценте кхаьчна, гIаланашкахь болчул 3,4 процентана лахара бу и гайтам.

ДIаязъян езаш йолчу бошмашлелоран цхьаьнакхетараллех 12 процент ерш хаттамах чекхъевлла. ДIаязбархой лаьттан 127 сов кха толлуш чекхбевлла. Хаттам бар дIадахьарца цхьаьна бахамашка хьовсар а дIахьо. ДIаязбарна юкъабаха безаш болу 2 процент бахамаш юкъагIур бу цунна. Бахам дIаязбаран тептарша тIехь нийса доцург гучудаьлла меттиг хилча, я респондента шега динчу хаттаршна жоьпаш дала резавац аьлла хаам кхаьчна меттиг хилча, и санна йолчу метте инструкторш боьлху.
Билгалдаккха деза муниципальни вовшахкхетараллашкахь бахам дIаязбарна резабоцуш берш наггахь бен нислуш цахилар. Ахархойн-фермерийн бахамашкара кхаьчначу отчетийн барам дIора лакхара бац – 17 процент.
Бахамаш дIаязбаран гIуллакхехь хьалхарчу могIаршкахь бу Соьлжан, Гуьмсан, Теркан кIошташкара дIаязбархой.
«Росстатан» планаца дийнна Россихула а, Россин Федерацин субъекташкахула а долчу хьалхарчу юьхьанцарчу жамIашна юкъабохуьйтур бу дIаязбан безачу бахаман (объектийн), юкъарчу лаьттан, цхьана бахамна кхочучу декъан, лаьттан юкъарчу майданан структурин хьокъехь болу хаамаш.

Дагадоуьйту бахам дIаязбаран юьхьанцара официальни жамIаш 2017-чу шеран IV-чу чийликехь (кварталехь) дийриг хилар, ткъа чаккхенан жамIаш зорба тухур ду 2018-чу шеран IV-чу чийликехь.
(Материал зорбане кечъеш пайдаэцна Пачхьалкхан статистикин федеральни службин Нохчийн Республикехь йолчу территориальни органан хаамех).
Л.МАГОМАДОВА
№84, еара, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2016 шо