Хьалха-Мартан районехь – керла куьйгалхо

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Хьалха-Мартан  муниципальни цхьаьнакхетараллин администрацин коллективана вовзийтира керла куьйгалхо. Районан куьйгалхочун декхарш кхочушдан хIоттийна хьалха Россин юстицин министерствон Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин куьйгалхочун даржехь хилла волу Алаудинов Iабдулла, хаам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службехь.

«Белхан хьалха ша хиллачу меттехь Iаламат дикачу агIор гайтира ша Iабдуллас, – билгалдаьккхира регионан Куьйгалхочо. – Цуьнан куьйгаллица   лаккхарчу гайтамашка кхечира министерствон урхалла. Цундела со тешна ву районехь дIаболийна дика хийцамаш Iабдуллас дIахьуриг а, иза республикин хьалхелелочу муниципальни цхьаьнакхетараллех цхьаъ йина цо дIахIотториг а хиларх».

I.Алаудиновс республикин Куьйгалхочунна дош делира шена белла тешам кхочушбарна шен берриге ницкъаш ша дIалург хиларх.

«Ас дош ло хьуна герггарчу хенахь Хьалха-Мартан районе муниципальни цхьаьнакхетараллашна юкъахь берриге а гайтамашкахула хьалхарчарах цхьа меттиг дIалацийта», – элира I.Алаудиновс.

Р.Кадыровс лаккхара мах хадийра хьалха районан куьйгалхо хиллачу Айдамиров Хьусейна бинчу белхан.

«Вайна массарна а дика вевзаш ву Хьусейн, – элира цо. – Иза доьналла долуш стаг ву. Районан куьйгалхочун даржехь ша гIуллакх девзаш волу  куьйгалхо санна гайтира цо.  Хьусейна куьйгалла дечу хенахь кхузахь йина дуккха а объекташ, шайна юкъахь школа, стадионаш, берийн бошмаш, маьждиг,  хьафизийн школа, махлелоран центраш, некъаш а долуш. Кхузара хьал хаъал дикачу агIор хийцаделира. Иштта болх барна баркалла ала лаьа суна цунна».

Республикин Куьйгалхочо хаам бира, Нохчийн Республикехула волчу чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана дехарца Хь.Айдамиров Хьалха-Мартан районан полицин отделан начальникан дарже хIотто сацам тIеэцна хиларан хьокъехь.

Шен рогIехь Хь.Айдамировс Р.Кадыровна баркалла элира шена иштта тешам баларна а, белхан хьалха хиллачу меттехь бинчу белхан лаккхара мах хадорна а.

«Рамзанан   куьйгаллица республикехь хилла   хийцамаш массарна а бевзаш бу. Суна деза хета республикин Куьйгалхочо сайна иштта тешам балар. Ас берриге а ницкъаш дIалур бу цунна тешаме хиларна, хьалха хIиттийна декхарш кхочушдарна», – дIахаийтира Хь.Айдамировс.

Районан керла куьйгалхо вовзуьйтучохь иштта вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, республикин Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса,  дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал,  юьртан бахаман министр Дадаев Муса, Нохчийн Республикехула волчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран заместитель Алаудинов Апти, районерчу яртийн куьйгалхой, кхиберш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: