Нохчийн ялх спортсмен хир ву Олимпиадехь дакъалоцуш

Дуьненахь дуккха а ницкъаш и лууш хиллехь а, Дуьненаюкъарчу олимпийски комитето (МОК) ца дихкира Россин вовшахтоьхначу командина Олимпийски ловзаршкахь дакъалацар. Тахана Россин команда Рио-де-Жанейро яха новкъайолу. Россин вовшахтоьхначу команди юкъахь ву Нохчийн Республикера ялх спортсмен а: боксер Абдурашидов Iадлан, паргIатчу кепара охьатохархлатархо Болтукаев Анзор, штангист Малигов Адам, ткъа иштта греко-римски кепара охьатохархлатархой – Альбиев Ислам-Бек, Магомедов Ислам, Лабазанов ИбрахIим.

samara wpQxInzpNQ0 maligov_2 14342436061islam-magomedov-na-evroigrakh-emotsii-perepolnyayut 724247876 Лабазанов-Ибрагим-сайт-1

Дагахь латтае и цIерш. Вайн царах доглозур ду, царах тешар ду, юьхькIомаца уьш цIаберзаре сатуьйсур ду.

Олимпийски ловзарш дIахьур ду Рио-де-Жанейрохь (Бразили) август беттан 5–21-чуй деношкахь.

Дагадаийта лаьа, хьалха шерашкахь олимпийски чемпионаш хилла: Сайтиев Бувайсар (Атланты – 1996, Афины – 2004, Пекин – 2008), Бисултанов Хьасайн (Сидней – 2000), Альбиев Ислам-Бек (Пекин – 2008), Ирбайханов Рамзан (Пекин – 2008), Отарсултанов Джамал (Лондон – 2012). Олимпиадашкахь шолгIа а, кхоалгIа а меттигаш яьхнарш-м кхин а дукха бу. Вуьшта аьлча, таханлерчу олимпийцашна эца масал долуш ду.

Хь.АБАЕВ

№84, еара, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: