Хууш ма-хиллара, Россехь а сиха кхуьучу субъектех цхьаъ хилла дIахIоьттина Нохчийн Республика. Социально-экономикин а, культурин а, дешаран а, спортан а дакъошкахь хьалхахьа йоху гIулчаш бIаьрла гуш ю вайна. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIадолийна хиллачу гIуллакхийн тIаьхье ю вайна хIинца гуш ерг. А-Хь.Кадыровс, боьдуш тIом боллушехь, дахаран цхьа а дакъа дIа ца тоттуш, иза кхиор доккхачу маьIне лорура. Шен дас болийна некъ дIахьош ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Россин кхечу регионашкара бахархой кхузахь долчу хьолах хьоьгуш хилар гуш ду вайна. Бакъду, массанхьа а цхьатерра дерриге а дика ду аьлча, нийса хир дацара. КхитIе а дахар тодарехь, хаздарехь дан дезарш дуккха а ду. Бахархойх шайх доьзна а, цаьрга шайга далур долуш а ду цхьадолу хIуманаш. Масала, урамаш, аренаш нехех цIанъяр я дитташ дIадогIар. Шен ницкъ кхочучу барамехь дина долу муьлхха а гIуллакх доккхачу маьIне ду.
Вайн махках а, халкъах а доглозуш предпринимательш а, бизнесменаш а хиларо воккхавево. Вайн дахар тодарна шайн хазна юкъаюьллу цара. Масала, махлелоран туш схьаеллар я некъаш дахкар, и. дI.кх. Царах цхьаъ ву Олхазар-КIотарахь вехаш волу, Россин Пачхьалкхан Думин депутатан Делимханов Адаман гIоьнча Макаев ШаIман. (ХIокху могIанийн авторна школехь доьшуш волуш дуьйна а вевзаш ву иза. Жима волуш дуьйна шеца дика амалш дуккха а яра ШаIманан. Комаьрша, хIуманна каде а, самукъане а хиларца къаьсташ вара шен нийсархойх. ГIо-накъосталла оьшучохь орцахвала кийча а ву).
Ш.Макаевс дуккха а дика гIуллакхаш дина Олхазар-КIотарахь. Махлелоран туьшана вуно хаза ши гIишло йина. Царах цхьаъ диъ гIат йолуш ю. Хьалхарчу гIат тIехь кхачанан, тIе-кога духаран, канцелярски туьканаш а, аптека а, парикмахерски а ю. Билгалдаккха деза, Олхазар-КIотарарчу бахархошна пайдехь хилла ца Iа кхузара туьканаш. Юхкуш йолу хIума йорах хиларна, луларчу ярташкара а нах богIу кхуза. ШолгIачу гIат тIехь ю кафе-ресторан, медпункт (мехала ду цу чохь коьртах цIий доккхуш хилар), Кадыров Зелимханан цIарах йолу спортан клуб, фитнес-клуб, бедарш тегаран чоь.

2015-чу шарахь Эна-Хишкарчу технологически колледжан филиал схьаелларх боккха кхаъ хилира юьртарчу кегийрхошна. Иза кхоалгIачу гIат тIехь ю, циггахь болх беш ю юьхьанцарчу классашна кечамбаран курсаш. Уггаре а лакхарчу гIат тIехь кинозал ю. Иштта доккха маьIна долуш ю кхо гIат йолу гIишло а. Шен куц-кеп хаза долуш, юьртан уггаре а хазачу гIишлойх цхьаъ хилла дIахIоьттина иза. Дехьа-сехьа ши бIов а йолуш, уггаре а хьалха бIаьрг тIехIуттуш ю ламазан чоь. Хьалхарчу гIат тIехь техстанци а, пурни а (пекарни), кондитерийн цех а хир ю.

ШолгIачу а, кхоалгIачу а гIат тIехь – нах чохь Iен хIусамаш. Цу тайппана исбаьхьа гIишлош йина ца Iаш, Ш.Макаевс юьртара некъаш (кхо чаккхарма сов) а, дукха хан йоццуш догIанаша дохийна хилла долу тIай а тодайтина.
Кхин цхьа хIума а билгалдаккха луур дара. ТIаьхьарчу кхаа шарахь юьртарчу кешнашкахь ШаIмана хаддаза дийнахь а, буьйсанна а Сийлахь Къуръан доьшуьйту. Дуьненахь а, Эхартахь а пайдехь хир долуш гIуллакх ду иза.
М.МАЗУРОВ
№84, еара, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2016 шо