ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIабаьхьира 3-гIа «ЧеченСтройЭкспо» гIишлошъяран индустрин а, чохь Iачу хIусамийн бахаман а гайтам. Россин70 сов тайп-тайпанчу регионашкара предприятеша шайн лаккхара дикалла йолу продукци гайтира цигахь.
И мероприяти вовшахтоьхнера «АктивЭкспоГрупп» компанино Нохчийн Республикин экономически а, территориальни а кхиоран, махлелоран Министерствоца цхьаьна.
Гайтаман Iалашо яра Нохчийчохь инвестицешца долу хьал лакхадаккхар.
Цу мероприятехь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела Хакимов Хьасана а, республикин экономически а, территориальни а кхиоран, махлелоран министра Хучиев Муслима а, Республикин промышленностан а, энергетикин а министра Таймасханов ГIаласа а, «РостИнПром» юкъараллин генеральни директора Крашенников Евгенийс а, ткъа иштта пачхьалкхан а, муниципальни а заказчикийн векалша а, кхечара а.
Хакимов Хьасана шен къамелехь билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьош йолу политика бахьана долуш тIаьхьарчу шерашкахь вайн республикех сихачу боларца кхуьуш йолу регион хилла аьлла.
– Нохчийн Республикехь бизнес кхиорна а, инвестицеш юкъаялорна а тIехь доккха дакъалоцу оцу кхиамаша. Со тешна ву хIокху мероприятино Нохчийчохь а, иштта ерриге а Къилбаседа Кавказан федеральни округехь а гIишлошъяран индустри кхиорехь лаккхара меттиг дIалоцуш хиларх, – элира Хь.Хакимовс.
Хучиев Муслима шен къамелехь билгал ма-даккхара, Нохчийн Республика йоккха экономически тIаьхье а йолуш, Россин Федерацин регион ю.
– Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана йоккха терго йо республика кхиорна. Цуьнан къинхьегамца кхочушъеш ю яккхий инвестиционни проекташ – «Шали-Сити», «Аргун-Сити», «Ахьмад БIов», иштта кхийолу яккхий гIишлошъяран объекташ, – бохура М.Хучиевс.
Иштта цхьаьнакхетарш дика ламаст хилла схьадогIуш ду Нохчийн Республикехь аьлла, билгалдаьккхира Таймасханов ГIаласа. Цо дийцарехь, республикехь хилла баккхий ерригроссин гайтамаш. Уьш республикина пайден хилла.
Цул тIаьхьа Хь.Хакимовс а, М.Хучиевс а, ГI.Таймасхановс а ламасталлин цIен лента хадийра, гайтам счьабоьллуш.
Кхи дIа хьеший а, мероприятин дакъалацархой а хьаьвсира гайта еанчу продукцига. Цигахь гайтина яра тайп-тайпана гIишлошъяран а, чохь Iачу цІенойн а коьчалш – некъийн оборудовани, керла гIишлошъяран технологеш, ток латторан а, и Iалашъяран а системаш а, иштта дуккха а кхиерш а.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
Авторан сурт