Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертахь «Лаьмнашкахь мукъамаш бека» халкъан иллийн, эшарийн республикин конкурс-хьажар хилира 26-чу июлехь. Нохчийн Республикин культурин учрежденийн кхоллараллин коллективаш а, шаьш къаьстина баьхкина илланчаш а бара оцу конкурсехь дакъалоцуш.
Вайн республикин массо а маьIIера илланчаш баьхкинера цига. Лаьмнашна юккъехь Iуьллучу Улус-Кертахь, дIасахьаьжча Iаламан хаза мел долу сурт гуш, Iома йистехь иллеш шаьш лекхалора. Конкурсан хьешашна юкъахь вара Шуьйтан кIоштан администрацин куьйгалхо Чабагаев Шадид, социальни блокехула волу цуьнан заместитель Басханов Муслим, кIоштан советан векал Х.Дадаев, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Культурин Советан декъашхо волу С.Казуев. Улус-Кертан юьртан администрацин куьйгалхочо А.Гехаевс ламанхойн ламасташкахь ма-эццара тIеэцнера шайн юьрта биссина хьеший. Комаьршалла, къоман кхача – и дерриге а шортта дара цигахь.
Культурин а, искусствон а тоьллачу говзанчех-экспертех вовшахтоьхначу жюрис мах хадабора конкурсан дакъалацархоша олучу иллийн. Конкурсан жамIаш дича билгалбевлира толам баьккхинарш.
Хьалхара меттиг – Аргун гIалин Культурин цIийнан божарийн вокальни тобано яьккхира (исбаьхьаллин куьйгалхо Н.Булуев); ШолгIа меттиг – Нажи-Юьртан кIоштарчу божарийн вокальни тобано яьккхира (исбаьхьаллин куьйгалхо Д.Дагуев); КхоалгIа меттиг – Невран кIоштарчу божарийн «Къона аз» вокальни тобано яьккхира (исбаьхьаллин куьйгалхо А.Исаев);
Иштта, конкурсан тайп-тайпанчу номинацешкахула совгIатан меттигаш яьхнарш билгалбехира. Царах ву «Жюрин совгIат» номинацехула толамхо хилла волу Итон-Кхаьллан кIоштара А.Эльмурзаев.
«Хьовсархойн озабезаман совгIат» номинацехула толамхо – Курчалойн кIоштарчу Культурин цIийнан мехкарийн вокальни тоба ю (исбаьхьаллин куьйгалхо М.Дудаева). «Артистизм» номинацехула толамхо Соьлжа кIоштара А.Джамбекова яра. «За массовость» номинацехула толамхо Теркан кIоштара божарийн «Теркан тулгIе» вокальни тоба яра (исбаьхьаллин куьйгалхо Б-Х.Бетерханов); «Толамна тIегIертар» номинацехула толамхо Шуьйтан кIоштара мехкарийн «Шуьйта» вокальни тоба яра (исбаьхьаллин куьйгалхо Л.Налаева). Конкурсан толамхошна Дипломаш а, мехала совгIаташ а делира.
Республикин «Лаьмнашкахь мукъамаш бека» конкурс вовшахтоьхнарг Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туш ю. Къаьсттина билгалдаккха лаьа Шуьйта кIоштан культурин отделан хьаькама З.Эльмурзаевас хьегна къа. Республикин конкурс исбаьхьа хазачу меттехь ян дага а деана, комаьрша шун хIоттош Iуналла динарг Эльмурзаева Зараъ яра. Шуьйтан кIоштан культурин белхахоша даггара къахьегнера конкурс чулацаме, хаза хилийта. Дог-ойла гIаьттина дIасабуьйхира конкурсан дакъалацархой а, хьовсархой а.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№85, шот, мангалан (июль) беттан 30-гIа де, 2016 шо