«Грозный» волейболан командин – керла декъашхой

СоьлжагIалахойн команда таханлерчу дийнахь Iаморан-тренировочни сборашкахь Анапехь ю. Царна куьйгалла деш ву «Грозный» волейболан командин коьрта тренер Кириленко Арсен, лакхара тренер Абдулкадыров Iийса.

2a78595cc11d0a16866c9de5c8651291

Командин керлачу декъашхойх цхьаъ ву 29 шо долу Андриевский Сергей. Иза 2015–2016-чуй шерашкахь «Динамо-ЛО» волейболан команди юкъахь левзина ву. ШолгIаниг – Дуьненан а, Россин а чемпионатийн призер, 26 шо долу Белов Виктор. Иза 2015–2016-чуй шерашкахь Санкт-Петербургерчу «Автомоболист» волейболан командин хилла декъашхо ву. КхоалгIаниг ву 2011–2016-чуй шерашкахь Москварчу «Динамо-Олимп» волейболан клубан декъашхо хилла волу (22 шо долу) Федин Глеб.

Л.ДАУТОВА

№85, шот, мангалан (июль) беттан 30-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: