Европера – йоьзачу мидалца

Швеци пачхьалкхан пачхьенехь Стокгольмехь дIадаьхьначу греко-римски кепарчу охьатохархлатарехула кегийрхошна юкъахь Европехь хьалхеяккхаран къийсадаларшкахь йоьзан мидал яьккхина Тавмурзаев Рахьмана.

Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш Россин вовшахтоьхначу команди юкъахь вайн республикера масех спортсмен вара. Уьш бара: Россин чемпионатан кхузза толамхо Аддиев Лом-Iела, Россин чемпионатан толамхо Р.Тавмурзаев, Россин чемпионатан толамхо а, дуьненан чемпионатехь дато мидал яьккхина волу Амаев Абу-Муслим.

Шен дегIан йозаллин категорехь (69 кг) тоьллачу пхеанна юкъахь вара Л-I.Аддиев. Вайн спортсменашлахь уггаре а боккхачу кхиаме кхаьчнарг йоьзан мидал яьккхина волу Р.Тавмурзаев ву.

Л.ДАУТОВА

№85, шот, мангалан (июль) беттан 30-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: