Соьлжа-ГIалахь дIахьош ю «Кавказ и глобальная турбулентность» цIе йолу дуьненаюкъара форум. Иза дIайолаелла мангалан (июль) беттан 26-чу дийнахь.
Цигахь дакъалоцуш бу Къилбаседа Кавказерчу республикийн а, Гуьржийчоьнан а, Къилба ХIирийчоьнан а, Абхазин а, Эрмалойчоьнан а, Азербайджанан а векалш – къона политикаш, журналисташ, Iилманчаш, студенташ, аспиранташ, пачхьалкхан а, меттигерчу Iедалан а белхахой.
Форуман шолгIачу дийнахь йийцаре йира «Нохчийчоь: тIамера – машаре. ТIом дIаберзоран стратеги», «Къилбаседа Кавказехь йолу Россин политика: хьашташ, стратеги» цIерш йолу теманаш. Хьалхарчу темехула доклад йира республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата. ШолгIачу темехула – Региональни кхерамазаллин а, Кавказан проблемийн а туьшан лакхарчу белхахочо Силаев Николайс.
Цул сов, оцу дийнахь дийцаре дира Карабахерчу къовсаман бахьанаш а. Цунна лерина «Муха го Карабахера къовсам регионехь долчу хьолехь?» цIе йолу «горга стол» дIаяьхьира. КхоалгIачу дийнахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь дIадаьхьначу форуман декъехь йийцаре йира «Къилбаседа Кавказ – экономика кхиоран некъаш», «Юххерчу Малхбалехь йолу Россин арахьара политика», «Къилбаседа Кавказерчу экстремистийн тобанийн эволюци», «Нохчийн Республикехь а, Къилбаседа Кавказехь а кегийрхойн политика» теманаш.
Цул тIаьхьа Нохчийн пачхьалкхан университете а кхечира форуман дакъалацархой. Цигахь университетан студенташца доккха цхьаьнакхетар дIадаьхьира цара. Иштта, дийцаре дира «Кавказан интеграцин проекташ», «Инфраструктурин тIаьхьалонан проекташ: Кавказехь хIун ян еза?», «Кавказера инвестицийн хьал», «Дуьненаюкъарчу хиламаша Кавказан регионерчу хьолана тIеIаткъам бар», иштта дIа кхин а гIуллакхаш.
«Кавказ и глобальная турбулентность» цIе йолу дуьненаюкъара форум дIахьош ю Публични демократин гIолацаран А.М.Горчаковн фондан а, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон а гIоьнца.
И.ИСЛАМОВ
№85, шот, мангалан (июль) беттан 30-гIа де, 2016 шо