Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана керлачу дарже хIотторца декъалвира Россин Федерацин Президентан ГIирмин федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал хилла волу Белавенцев Олег а, Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал хилла Меликов Сергей а.
«Россин Федерацин Президента Путин Владимира шен Указаца Къилбаседа Кавказан федеральни округан полпред хIоттийна хьалха ГIирмин федеральни округна куьйгалла деш хилла волу Белавенцев Олег. Олег Евгеньевич кIорггера теорин хаарш долуш а, урхалла даран белхан доккха зеделларг долуш а ву. Иза вевзаш ву принципиальни политик санна. Олег Евгеньевич, ас кхайкхарца, Нохчийн Республикехь хилла ву. Со тешна ву Россин Президентан Къилбаседа федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векалан даржехь волуш Олег Евгеньевича регионаш социально-экономикин кхиоран декхарш кхочушдарна гIо дийриг хиларх», – яздина инстаграмехь йолчу шен агIонехь Кадыров Рамзана.
КхидIа а инстаграмин оццу агIонехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо яздо: «Вайн пачхьалкхан Президента Путин Владимира кхин а цхьа мехала хийцамаш бина шен Указаца. Иштта, Россин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал хилла Меликов Сергей Къоман гвардин эскаран федеральни службин директоран хьалхара заместитель хIоттийна. Со тешна ву иза Iаламат нийса а, хьикмате а сацам хиларх. Сергей Алимович бIаьхаллин инарла ву. Къилбаседа Кавказехь контртеррористически операци дIахьочу хенахь ОГВ-на (цхьаьнатоьхначу эскарийн тоба) куьйгалла дина ву иза. Iаламат дикачу агIор гайтина С.Меликовс ша Россин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векалан даржехь болх беш волчу хенахь а. Ас баркалла боху Сергей Алимовична, цуьнгара гIо а, накъосталла а даима а хаалора суна. Со тешна ву, керлачу даржехь цо Даймахкана кхин а боккха пайда бийриг хиларх. Ас даггара декъалво Олег Евгеньевич а, Сергей Алимович а керлачу дарже хIотторца, лаьа церан балхахь аьтто а, кхиамаш а хуьлийла», – дерзадо шен декъалдаран дош Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Д.АНАДЕВ
№85, шот, мангалан (июль) беттан 30-гIа де, 2016 шо