Хьаьттан (август) беттан 1-чу дийнахь дуьйна Соьлжа-ГIалахь дIаболор бу хIусамаш оьшучеран рогIехь болчу соьлжагIалахошна юха а регистраци яран болх. Иштта хаам бина Соьлжа-ГIалин мэрин пресс-службо.
Пачхьенан мэрин ХIусамийн политикин департаментан хьаькама Мациев Ильяса билгалдаккхарехь, «хIусамашна» рогIехь лаьттачарен хьокъехь болу хаамаш цIинбар ю цуьнан коьрта Iалашо.
«Бахархошна, кехаташ чу а делла, цул тIаьхьа шайна йогIуш йолу петар я кхийолу хIусам схьаэцчахьана, шаьш довлуш ду моьтту. Амма иза ма-хетта атта дац: юха регистраци яран хьокъехь уггаре а хьалха закон ду, цул тIаьхьа мэрин лаам а бу. Ткъа хIунда оьшу юха регистраци яр? Цхьаболчара шаьш хIусамаш эцна а я шайн ерш тойина а хила тарло. Кхечеран доьзал боккха хилла хила а, адрес я контактни зIенаш хийцаелла хила а тарло. Цундела, иза дерриге а таллархьама дIахьош бу юха регистраци яран болх», – элира И.Мациевс.
Соьлжа-ГIалин мэран Хучиев Муслиман сацамца нийса а догIуш, юха регистраци яран болх деа декъе бекъна хир бу. ХIусамаш оьшуш болу соьлжагIалахой хьаьттан беттан 1-чу дийнахь дуьйна тIебаха беза дукха декхарш кхочушдечу туьшашна (МФЦ). Цигахь болх беш хир бу Соьлжа-ГIалин мэрин ХIусамийн политикин департаментан белхахой. РогIехь лаьттачара шайн дахаран хьелаш хийцаделла хиларан я цахиларан тоьшалла дIагайта деза.
Таханлерчу дийнахь Соьлжа-ГIалахь хIусамаш оьшучеран рогIехь дIаязвина 14 726 вахархо ву, царах 2 580 – халачу хьелашкахь воллуш ву, 10 759 вахархочун хIусамаш республикехь тIемаш болчу муьрехь йохийна ю.
Билгалдаккха догIу юха регистраци яран болх шарахь цкъа а, ткъа кхаа шарахь, мел лахара а, цкъа а бан безаш хилар. Соьлжа-ГIалахь и болх тIаьххьара дIабаьхьна 2014-чу шарахь.
И.АДАМОВ
№85, шот, мангалан (июль) беттан 30-гIа де, 2016 шо