Маса даьлла хьажал?
БаIиса шен пхи шо кхаьчначу кIанте хаьттина:
– Сахьт девзий хьуна?
– Дера девза
– Валол тIаккха, чу а гIой, маса даьлла хьажал.
Чу а вахана, схьавеана кIант, вист ца хуьлуш шен дена юххе охьахиъна.
– Ас сахьте хьажа ца вахийтинера хьо, маса даьлла вайна?
– Дада, жима цхьамза пхеанна тIехь бара, боккханиг шийттанна тIехь бара, кхозлагIчунна со тIаьхьа а ца кхиира, – аьлла кIанта.
Схьаелла ца вуьту
Туьканна хьалха йоккха рагI хилла. БаIис рогIехь лаьттачу адамашна юккъехула ваьлла, неIаре дIахIоьттина. Иза шен кисана куьг дахийтина валале:
– Накъост, хьо хIун тоьлаш ву кхузахь лаьттачарал, – аьлла, айвина ваьхьна массарал тIехьа дIахIоттийна.
КIеззиг цигахь латта а лаьттина, корта а ластийна, юха а вахана хьалхха дIахIоьттина, шен кисана куьг а Iуттуш. «ТIап» аьлла тIекхетта, ши пхьарс а лаьцна, жимчу шина стага юха а тIеххьа дIахIоттийна хIара.
– Цкъа соьга ладогIийша…
– Хьоьга ладегIа даьхкина дац тхо, туькана даьхкина ду, хIара тахана схьайиллина гIуллакх хилахь.
– Делан дуьхьа ма тамашийна ду шу дан мукъана а. Сахьт хан ма ю со аш иза схьаелла ца вуьту, – аьлла БаIиса.
ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ
№85, шот, мангалан (июль) беттан 30-гIа де, 2016 шо