Литературни меттан маьIна

_MG_9469

Соьлжа-ГІалахь 24-чу апрелехь  Радион  цIийнехь Нохчийн меттан  денна  лерина  «Къоман юкъара  кхетам кхоллабаларехь нохчийн литературин меттан маьIна» аьлла,  республикин  Iилманан-практически  конференци  хилира.

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман  политикин, арахьарчу  зIенийн, зорбанан,  хаамийн  министерствос Нохчийн Республикин Iилманийн  Академица  цхьаьна.

Конференци йолаялале  актови  зала  чохь  тIедогIучу  Нохчийн  меттан  денна лерина даздарш  а хилира. Гулбеллачаьрга  маршаллин  дош  олуш,  вистхилира министр  Жамалдаев Шаид. Шен къамелехь  цо  билгалдира   Нохчийн Республикин  Куьйгалхочо  Кадыров Рамзана  вайн халкъан  исторехь,  Нохчийн меттан  де  аьлла, Указ даккхаран  доккха  маьIна хилар.

Нохчийн маттаца  йозанехь  къахьоьгуш  билгалбевллачу журналисташна а, ткъа иштта  республикин  районашкарчу школийн  дешархошна а  совгIаташ  дира. Нохчийн маттана  лерина даздарш  нохчийн  маттах, Даймахках лаьцна  юьйцучу  байташца, олучу  иллешца  дирзира.

Цул тIаьхьа шен  болх болийра   конференцис. Иза дIахьош  волчу Академи Президента Ш.Гапуровс президиуме  кхайкхира республикехь  гIарабевлла бевзаш  болу  нохчийн меттан  Iилманчаш.

Царна юкъахь бара  Нохчийн пачхьалкхан  университетан оьрсийн меттан  кафедрин  куьйгалхо, филологин Iилманийн  доктор, профессор  Халидов  Муса, Нохчийн Республикин  дешар кхиоран  институтан  Iилманан коьрта    белхахо, филологин  Iилманийн доктор, профессор  Тимаев  Апти, Нохчийн пачхьалкхан  хьехархойн  институтан  гуманитарни  факультетан  декан,  филологин  Iилманийн  доктор, профессор  Навразова  Хьава, Нохчийн пачхьалкхан  университетан  юккъерчу  языкознанийн  кафедрин куьйгалхо,  филологин  Iилманийн  доктор,  профессор Овхадов  Муса, Нохчийн Республикин  халкъан  яздархо, «Вайнах» журналан  коьрта редактор Ахмадов Муса. Иштта  конференцин  лераме  хьаша  вара Нохчийн  Республикин Куьйгалхочун  гIоьнча  Алиев Тимур.

Хьалхара дош  Нохчийн Республикин къоман  политикин, арахьарчу  зIенийн, зорбанан, хаамийн  министре  Жамалдаев  Шаиде  делира. Шен къамелехь  цо элира: «Дукхахьолахь  телевиденехь, радиохь  буьйцучу  маттах  Iема кегийрхой. Цундела  суна луур  ду вайн Iилманчаша, шайна  юкъахь  цхьабарт а  бина,  нохчийн меттан  йозанан  бакъенаш цхьана  хорша  ерзо. Тхо  шун гIоьнчий  ду. Масална  ГIезалойн махкара  хьал  далор вай.  Шайн  маттахь йолчу  телерадион  передачашкахь цхьа  а оьрсийн  дош юкъа  ца далош,  цIена  шайн  мотт  буьйцу цара.

Шортта  дара  конференцин  ладогIархойн  тидаме диллинарг. ХIора  докладчикан  къамелан  тема,  цхьаъ  вукхул а  хьашт  юй  техьа  аьлла,  мехала а  яра.

Царех уггаре а дагахь  лаьттинарг   дара  Нохчийн  Республикехь  гIараяьлла  евзаш а, езаш  а йолу  Соьлжа-ГIалин  берийн  коррекционни  школин  нохчийн меттан  хьехархочун  Вагапова  Асетан къамел. Шен  къамелан  жамI деш,  цо  бовзийтира  нохчийн меттан  хьокъехь  шена  вайн  махкахь  дан  луу, ша сатесна   гIуллакхаш. Уьш ду: юьхьанцарчу классашкахь  дешар  нохчийн матте  даккхар, школашкахь  нохчийн  меттан а, литературин  а  урокийн  сахьташ  совдахар, школашкахь 11-чу  классехь  мукъана  «Делопроизводство» бохучу хааршна  цхьа  сахьт   хилийтар. (Масала, балхахь,  гIуллакхехь  дехаран  кехат нохчийн  маттахь  яздан  Iамош  урок  яр).

Конференцин  болх берзош,  Жамалдаев Шаида  дош  делира  конференцина  лерина  кечйина  докладаш  газетийн  агIонашкахь   зорбане  яха. Iилманчийн  шаьш  тIеэцна  резолюци  Нохчийн Республикин  Куьйгалхочуьнга  Кадыров  Рамзане дIакхачо  барт а хуьлуш  бирзира  конференцин  болх.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА   

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: