А-Хь.Кадыровн цIарахчу пачхьалкхан галерейхь декоративно-прикладни искусствон говзанчин Юсаева Мединин кхоллараллин белхийн шен гайтам схьабиллина. Гайтам схьабоьллуш дакъалецира А-Хь.Кадыровн цIарахчу Дешаран туьшан директора Усманов Мансура а, Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштарчу берийн кхоллараллин цIийнан хьехархоша а, дешархоша а, художникан накъосташа а, гергарчу наха а.
Гайтам схьабоьллуш, философин Iилманийн кандидата, галерейн Iилманан белхахочо Хь.Акиевас билгалдаьккхира художникан белхаш исбаьхьа хилар. Цо шен кхоллараллехь пайдаоьцу гIирс иза – аьнгали, туьтеш, тIулг, кехат ду. Куьйга говзалла, кхоллараллах дуьзна дог а оьшу декоративно-прикладни искусствон декъехь болх бечу художникашна, ткъа уьш Мединехь ю.
Ша хаьржинчу говзаллица художник яц Медина, амма говзанча яц ала а хала ду иза. 1982-чу шарахь Ростовехь дуьнен чу яьлла М.Юсаева. Циггахь школа чекх а яьккхина, Ростовн пачхьалкхан экономикин институт чекхъяккхира цо. Кхузахь, шен цIахь дIаболийна цо къинхьегаман некъ. Амма туьтешца болх бан 2012-чу шарахь бен ца йолаелла. Берашца чохь Iаш, куьйга говзалла езаелира цунна. Хазалла кхолла, гуонахара дуьне оцу хазаллица хийца лаьара цунна. Мединин белхашкахь йовхо, серло, цIеналла ю. Кегийрхошна а, берашна а дукхаеза цуьнан кхолларалла. Искусствона похIме хIора а вуй техьа аьлча санна говза ву Нохчийчохь, амма шен гIуллакх, шен некъ цхьа наггахь волчо бен ца лоху. Медина цу тIехь малъелла ца Iийна. экономикин Iилмано кIадйича, искусство а ю цунна гергара хьаьрма.
Дуьйцучул а бIаьрга гар гIолехь ду. Цундела сихло цуьнан гайтаме хьовса даха. Ткъа иза 20-гIа август кхаччалц лаьттар бу. Гайтам даздаран хьолехь схьабеллар дерзош А-Хь.Кадыровн цIарахчу пачхьалкхан галерейн директоран Исраилов Iумар-Асхьабан цIарах Сийлаллин грамота елира Юсаева Мединина Хь.Акиевас.
З.ХИЗИРОВА
№85, шот, мангалан (июль) беттан 30-гIа де, 2016 шо