Ялташлелорхоша жигара болх бахь а…

Республикин юьртан бахаман предприятеша хIокху деношна чудерзийна 58 397 гектара тIера ялта. Ялта хьекъаран юкъара барам 26,8 центнер хуьлу цхьана гектара тIера. Иштта хаам бина Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствон ораматашлелоран а, Iалашдаран а, химизаци яран а департаментан директора Матуев Хан-Пашас.

00000000000000175 (1)

«Ялта дIадийначу латтанийн ерриге а категореш лерича, 136 716 эзар гектаран майда хуьлу иза. ХIокху шарахь Шелковски а, Теркан а, Гуьмсан а, Грозненски а, Невран а кIошташкахь дика кхиъна кIа а, мукх а. Цхьана гектара тIера 26,8 центнер ялта а долуш, таханлерчу денна чудерзийна 156 569 тонна ялта. 2015-чу шарахь и гайтам таханлерчул а 5 процент лахара бара», – элира цо.

Иштта, цо билгалдаккхарехь, ялта чудерзоран декъехь оьшуш мел йолу техника йоллушехь, йочанаша новкъарло йо цхьайолчу кIошташкахь и белхаш кхачам боллуш дIабахьарна. Делахь а, ТIехьа-Мартан, Шелан, Хьалха-Мартан, Соьлжан кIошташкахь и белхаш кхиамца дIахьош бу.

Шелковски кIоштан вахархочо Магомадов Мусас дийцарехь, ялта чудерзорехь хьал данне а дика дац.

«ДогIанаш дукха эхаро меттахйоккху соьналла. Ткъа соьналло, вайна ма-хаъара, ялтин кхиарна новкъарло йо. Цул сов, ялта охьадижина а ду. ТIаккха, и охьадижина долу ялта схьа а лахьош, чудерзо я керла яьлла йолу, я леррина йолу техника оьшу. Кхузахь иза йоцуш ю. Советийн заманан комбайнашка, царна тIехь комбайнераша мел къахьегарх а, ца бало и болх», – дуьйцу Мусас.

ХIокху тIаьхьарчу 15 шарахь шен долахь комбайн а йолуш, ялта лелош ву Невран кIоштара вахархо Тукаев Илес. Цуьнан къамелехь билгалдолу Шелковски кIоштарчу вахархочо М.Магомадовс дина къамел бакъ хилар а, Невран кIоштара хьал (ялта чудерзоран муьран хьал) кхин Дала делла цахилар а.

«Кхин а комбайнаш ца хилахь, вуьшта а дайначу ялтийн барам кхин а алсамбер бу. Ялта охьадижина, цунна юкъахь дуккха а соьналла ю, кхузара комбайнаш шира ю. Цаьрга и болх ца бало. Масала, селхана догIа деана, ткъа тахана малх хьаьжна. Делкъал тIаьхьа ирахь долу ялта хьакхалур ду, ткъа лаьтта охьадижинарг – аьттехьа а хьакхалур дац, охьадижина хиларал сов, тIуьна а хир ду иза. И болх бан пайден яц тхоьгара техника. Ялта шен кхиарехь а тIехдаьлла, охьадижинчу ялтин кан меттахбоккхушехь буьртиг охьабужу. Генара хьаьжча хетало, и буьртигаш хIинц-хIинца дIадийна долуш санна. Ялтин а, наха хьегначу къин а къа ду-кх», – бохура Илеса.

Билгалдаккха догIу, хIокху шарахь йочанаша ялташна зен цхьана Нохчийчохь дина Iаш цахилар. Цуьнца цхьаьна могIарехь ю Дагестан, Ставрополан край, Ростован область, Къилбаседа ХIирийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а республикийн къилбеседера кIошташ, иштта дIа кхин а.

Делахь а, республикера латталелорхой тешаш бу, шайна хилла долу зен меттахIотторехь Iедало гIо-накъосталла дийриг хиларх.

И.ХАСАХАНОВ

№86, шинара, хьаьттан (август) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: