Россис а, Чинас а бертахь къийсам латтор бу терроризмана дуьхьал

Мангалан беттан 29-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь дийцаре дира Россис а, Чинас а терроризмана дуьхьал къийсам бертахь латторан а, кхерамазаллин а гIуллакхаш. Чинин Халкъан Республикин делегацина коьртехь вара кхерамазаллин а, терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьаран а гIуллакхийн векал Гопин Чэн. Россин ведомствошна юкъарчу делегацина коьртехь вара Россин Федерацин Кхерамазаллин советан секретаран заместитель Лукьянов Евгений.

Россин ведомствошна юкъарчу делегацехь Нохчийчоьнан цIарах дакъалецира республикин Экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин советан секретара Черхигов Идриса а, республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Мартынов Даниила а. Соьлжа-ГIалахь Чинин делегацина уггаре а хьалха Нохчийн Республикин бакъонаш ларъяран органийн а, лерринчу службийн а бIаьхой терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьа а, юкъараллин кхерамазалла Iалашъян а Iаморан хаамийн видеокийсак гайтира.

Цул тIаьхьа чинахойн делегаци кхечира «Терек» СОБР-н белхахой Iаморан-кечбаран Хоси-Юьртарчу туьше.

«Чинин Халкъан Республикин ерриге а делегаци йигира оха «Терек» СОБР-н Хоси-Юьртарчу туьше. Нохчийчоьнан леррина йолу бIаьхаллин подразделенеш Iаморан а, церан белхахой тайп-тайпанчу хьелашна кечбаран а сурт шайна гича, уьш чIогIа баккхийбеш бара. Нохчийн бIаьхой терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьа муха Iамош бу а, цара шайна хьехнарг муха дIалоцу а, цара муьлхачу техникех пайдаоьцу а, иштта дIа кхин а дуккха а хIума гайтира царна», – элира Мартынов Даниила.

Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь Россин ведомствошна юкъарчу делегацица цхьаьнакхийтира чинахойн делегаци. Ерриге Россис а, къаьсттина Нохчийчоьно а терроризмана дуьхьал къийсам латторехь баьхначу кхиамех лаьцна дийцира Россин Федерацин Кхерамазаллин советан секретаран заместитела Лукьянов Евгенийс.

Ткъа Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Мартынов Даниила дийцира терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам латторехь а, цул тIаьхьа юкъараллин кхерамазалла Iалашъярехь а нохчийн лерринчу службаша бинчу балхах лаьцна. Иштта цо билгалдаьккхира, терроризмана тIехь толам баккхарехь коьртаниг Iедало а, юкъаралло а цхьаьна болх бар хилар.

Нохчийчоьнан терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторан зеделларг чIогIа тайра чинахошна. Цара Мартынов Даниил а, Нохчийчоьнан бIаьхаллин лерринчу подразделенийн векалш а Чине кхайкхира.

Эххар а, масех шо хьалха саьлнашкахь а Iиллина, тахана Россин уггаре а сиха кхуьучу гIаланех цхьаъ йолчу Соьлжа-ГIалахула экскурси а йина, Москва дIаяхара Чинин Халкъан Республикин делегаци.

И.АДАМОВ

№86, шинара, хьаьттан (август) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: