Кадыров Рамзана декъалбира «Альфа» тобанан белхахой

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Альфа» цIе йолчу лерринчу подразделенин ветеранаш а, белхахой а декъалбира тоба кхолларан денца. Цу хьокъехь цо яздира инстаграмерчу шен агIонехь.

Кадыров Рамзана дийцарехь, «Альфа»-н белхахоша доккха дакъалаьцна республикехь терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьарехь.

«Тахана майрачу, доьналлечу, вайн Даймахкана – Россина муьтIахь болчу нехан дезде ду! Уьш дуьненахь тоьлла йолчу «Альфа» тобанан лерринчу подразделенин ветеранаш а, бIаьхой а бу. ГIарадаьлла долчу №0089 йолчу Омрина куьг яздина нийсса 42 шо кхаьчна. Оцу шерашкахь «Альфа»-н белхахоша йийсархой паргIатбохуш а, террористаш хIаллакбеш а дуккха а леррина операцеш йина», – яздо республикин Куьйгалхочо.

Иштта цо билгалдоккху шен тобанахь болх беш «Альфа»-н ветеран Мартынов Даниил хилар.

«Тхан тобанахь болх беш ву нуьцкъаллин декъехула сан гIоьнча волу «Альфа» тобанан ветеран Мартынов Даниил. Цуьнан бIаьхаллин сийлахь некъ а, кхиамаш а бу. Оцу тобанан белхахой уггаре а халачу шерашкахь тхоьца цхьаьна могIарехь хилла, дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьарехь гIо дина цара. ДIадаханчу еарин дийнахь, Къоьзанан Iома уллохь, лаьмнашкахула вехха волавелла лелла со Даниилца цхьаьна, дIадахна шераш а, тIеман накъостий а дага а лоьцуш, хIетахь мел кхераме, хала дара а, тахана Нохчийчоь мел кхиъна, хазъелла а ю дуьйцуш. Республика кхиорехь «альфахоша» доккха дакъалаьцна хиларх а дийцира оха. Ас даггара декъалбо «Альфа»-н берриге а ветеранаш, хьалхарчу рогIехь, вайн мехкан а, халкъан а мостагIашна тахана дуьхьало еш мел берш! Могашалла, аьтто, кхиамаш хуьлда шун!» – дерзийра Р.Кадыровс шен декъалдар.

Дагадоуьйту, «Альфа» 1974-чу шеран 29-чу июлехь СССР-хь кхоьллина, таханлерчу дийнахь кхузаманан Россехь а болх беш йолу мехкан Кхерамазаллин федеральни службин лерринчу декхарийн туьшан леррина подразделени ю.

А.ХАСБУЛАТОВА

№86, шинара, хьаьттан (август) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: