Дешаран шеран жамIаш дира

Кху деношкахь Шелахь дIаяьхьира Шелан кIоштарчу дешархоша дIаеллачу пачхьалкхан юкъарчу экзаменийн жамIаш даран кхеташо.

DSC_8357_Copy

Цхьаьнакхетарехь дакъалецира Шелан кIоштан администрацин куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iелас а, Шелан кIоштан дешаран урхаллин куьйгалхочо Дандаев Аюба а, иштта кхечара а. Шен кьамел долош Ибрагимов Турпал-Iелас даггара баркалла элира йоццачу хенахь терго а еш, экзаменаш дIаяларан жамIаш лакхарчу тIегIане дохуш дакъалаьцначарна.

– Дешаран шо доладелчахьана дуьйна, бIаьрла гуш бара кIоштан дешаран урхаллехь болчара а, школийн директорша а, хьехархоша а беш болу болх, – дийцира Ибрагимов Турпал-Iелас.

Цо дийцарехь, школийн директорша кхидIа а тидам тIебахийта беза, тIекхуьуш долу чкъор кхетош-кхиорехь беш болчу белхашна а, дешархойн духар вайн динца а, Iадаташца а догIуш хилийтарна а.

Кхеташо ерзоле, Ибрагимов Турпал-Iелас дика болх бинчу школийн директоршна Сийлаллин грамоташ а, ахчанан совгIаташ а дира. Иштта, даггара баркала элира Дандаев Аюбана а.

Билгалдаккха деза Шелан кIоштахь пачхьалкхан юкъара экзамен кхиамца дIа а елла, 90 процент сов дешархоша аттестаташ схьаэцна хилар. Тоьллачарах ю Чуьйри-Эвлара №2 йолу школа, Дуби-Эвлара школа, Эвтарара №3 йолу школа. Кхеташо чекхъяьллачул тIаьхьа, хIокху могIанийн автор цхьаьнакхийтира Шелан кIоштахь дика вевзаш а, зеделларг долуш а волчу Чуьйри-Эвларчу №2 йолчу юккъерчу школин директорца Гетиев Къасимца. Пачхьалкхан юкъара экзамен 2009-чу шарахь юкъаяьлчахьана дуьйна оцу школехь даима дика ду экзаменаш дIаяларан жамIаш.

– Дешаран хьаьрмехь къахьоьгуш волчунна, коьртаниг шен болх безар а, иза говза бан хаар а, дешархой шен бераш санна дукха дезар ду, – дуьйцу Къасима.

– Юьхьанцарчу классашкахь дуьйна леррина тидам латтабо оха дешархошна а, хьехархошна а тIехь. Юьхьанцарчу классашца болх беш ю юьхьанцарчу классашкахь дешаран декъехула директоран заместитель Ампукаева Iалет. Цунна дика евза хьехаран методика а, кхетошкхиоран болх а. Цхьайолчу школашкахь тесна буьту дешархошна коьртачарех болу мур – 5–8-чуй классашкахь дешархой Iаморан а, кхетош-кхиоран а болх. Оцу муьрехь дуьйна дIаболо беза пачхьалкхан юкъарчу экзаменашна кечам баран болх. ХIора дешархо дика кхето веза, дарсашкахь иза чолхечу теманех кхетта вацахь. Нагахь санна, оцу хенахь кхачамбацарш хилахь, 11-чу классехь дукха къахьега дезар ду дешархойн. 5–11-чуй классашца тхан школехь болх беш ю директоран дешаран декъехула заместитель Апаева Билкъиз, цо дика терго латтайо классашна тIехь. КIирнах маситтазза дарсе воьду со, шайна тIехь терго еш хилча, кхин а говза а, кхачамбацарш кIезиг долуш а болх бан Iема хьехархошна. ТIаьхьарчу шарахь вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьахийна, цул тIаьхьа Рособрнадзоран гIоьнца юкъаяьккхина йолу «Я сдам ЕГЭ» проектах боккха пайда хилар бахьанехь дика дIаелира оха экзаменаш. Пачхьалкхан юкъара экзаменаш кхиамца дIаяларан кхин цхьа бахьана ду, тхан школехь зеделларг долуш филологаш, математикаш хилар, – дерзийра шен къамел Гетиев Къасима.

Чуьйри-Эвларчу №2 йолчу школин директора Гетиев Къасима, зеделларг долуш хиларе терра оцу школехь вовшахтоьхна говза а, похIма а долуш болу хьехархой: филологаш Гетиева Малкан, Наурзакова Фатима, Апаева Билкъиз, Лорсанова Камета, математикаш Искеев Iимран, Салихова Эльвира, Исламова Яха, Эльпиева Зулихан.

Хазахета, масал эца иштта школа хилар.

ЦАРНАЕВ Зелимха

№86, шинара, хьаьттан (август) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: