Вайн пачхьенехь – индихойн махлелоран гайтам

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствон гIоьнца «Грозный-Сити» махлелоран-самукъадаккхаран туьшахь схьабиллира «Indo Russia Expo» компанийн тобано дакъалоцуш болу индихойн махлелоран дуьненаюкъара гайтам.

IMG_5047

Иза схьабоьллучохь дакъалоцуш бара журналисташ а, дуккха хьеший а. Хьеший тIеоьцуш, индихойн халкъан мукъамаш хозуьйтуш вотанча вара. Вотанан мукъамца догIуш хелхар дора арсаш тIехь хелхайолучу индихойн хелхарчас.

Цигахь вистхилира Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министран заместитель Бетиев Хьусейн.

– Оха даккхийдерца тIеоьцу гайтаман дакъалацархой а, хьеший а. Инди махлелоран уггаре а сиха кхуьуш йолу майда ю. Республикехь пхоьазлагIа дIахьош бу индихойн гайтам. Со тешна ву, Нохчийн Республикин а, Индин а юкъаметтигаш иштта жигара кхуьург хиларх а, индихойн товарашна кхузахь шайна эцархо карориг хиларх а, Нохчийчоьнан мехлелорехь цара шайна хьакъ йоллу меттиг дIалоцург хиларх а, – элира цо.

«Indo Russia Expo» компанийн тобанан генеральни директора Прадип Кумара билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствос ша дика тIеэцна хилар. Цо дийцарехь, нохчийн махлелоран рынок индихойн продукци дIасаяржо а, йовзийта а боккха аьтто болуш ю.

– Ассаламу Iалайкум, Нохчийчоь, нохчийн халкъ. Со кхуза веача, ларамаза экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министерстве нисвелира. Министерствон векалшца цхьаьнакхетар пайде хилира суна. ХIара гIала керлачу агIор схьеллар хили суна. Ас даима а баркалла бохур ду шуна. Со чIогIа тешна ву, вай кхидIа а иштта зIенаш латториг хиларх, – элира цо.

Индера деана долу товараш хьовсархошка эцийта дIахIиттийра карарчу беттан 25-чу дийнахь. Iуьйранна итт сахьт даьлча болабелла суьйранна бархI сахьт даллалц дIахьош бара гайтам. Шайна оьшучу товарашка хьовса а, уьш эца а цига баьхкинера дуккха а нах. Гайтамехь яра шайна чохь 250 тайпана товараш долу 35 жима туька: къоман духарш, бес-бесара кIадеш, берийн трикотажни бедарш, бижутереш, ков-кертахь оьшу гIирсаш, аювердически бакъйолу косметика, даьттанан шампунаш, тик цIе йолчу диттанах дина совгIаташ.

Иштта, гайтамехь ша-тайпана хьашташ къочушдар а дара дIахьош. Цу юкъахь дара, масала, мехенди шех олу куьйгаш хаздеш яздар я пхьаьрсах буьллучу хIоз тIе дуганан буьртиг биллар.

Гайтамехь билгалдаьккхира Нохчийн Республико а, Инди пачхьалкхо а вовшашца медицинин а, фармацевтикин а, декъехь зIенаш латтор мехала а, оьшуш а хилар. Гайтамна шаьш реза хилла хилар а, цигахь шайн хилла дог-ойла а йовзуьйтуш къамелаш дира хьешаша а, эцархоша а. Цара билгалдаьккхира, цигахь юхкуш тамашийна дуккха а хIуманаш а, башха продукци а хилар.

Соьлжа-ГIалахь дIахьош болу индихойн махлелоран дуьненаюкъара гайтам дIабирзира июль беттан 31-чу дийнахь.

I.ТЕРЛОЕВ

№86, шинара, хьаьттан (август) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: