ЗаьIапхошна аьтто болуш хилийтаран дуьхьа

Ерригроссин халкъан фронтан регионан отделенин «Социальни нийсо» белхан тобано, «ЗаьIапхойн ерригроссин юкъаралла» организацин регионан отделенин эксперташа гIо а лоцуш, дIадаьхьира социальни а, кхийолу а объекташ заьIапхой тIебахарна бегIийлаш йолуш ю-яц хьажар. Цара теллинарг республикера 80 сов объект яра.

Цкъа хьалха уьш хьаьвсира Нохчийчоьнан культурин а, транспортан а министерствошна юкъайогIучу предприятийн а, организацийн а гIишлошка. Цхьана а меттехь бехк баккха меттиг ца карийра царна. «Оцу ведомствошна юкъайогIуш йолу организацеш кхиамца ларийна шайна хьалха хIиттийначу декхаршца. Халахеташ делахь а, иза ала йиш яц цхьайолчу кхечу объектех лаьцна. ЗаьIапхошна тIебахка аьтто болуш яц уьш, – бохура белхан тобанан куьйгалхочо Аздаева Рабус.

– Цхьайолчу меттигашкахь нийса йина яц пандусаш, гIоланаш, тIех лекха ю бордюраш, ткъа неIарш – готта. Нагахь санна санузела чохь дерриге а хила ма деззара дина делахь а, неI готта хиларо и дерриге а эрна хоьтуьйту. ХIунда аьлча, заьIапхойн аьтто бац царах пайдаэца.

Иштта, дукхах йолчу объекташкахь бIаьрса а, лерса а ледара долчу заьIапхошна оьшу хьелаш ца кхоьллина. Царна лерина эцна аппаратура ю. Амма иза дIахIоттийна яц, я дIахIоттийнехь а, нийса ца хIоттийна, я учрежденерчу цхьана а стагана ца хаьа иза стенна хIоттийна а, цунах пайда муха эца беза а. Делахь-хIета, билггал белхаш бинехь а, и объекташ заьIапхошна аьтто болуш хилла дIа ца хIиттина».

Масала, Хьалха-Мартан кIоштан больницехь, ширачу гIишлонан архитек-тура чолхе хиларна, дан лерина хиллачу гIуллакхех дерриге а кхачам боллуш кхочуш ца даделла, гIишлонан конструкци хийцича бен далур долуш а дац. «Доступная среда» программа кхочушъярехь дакъалоцуш болчу цхьаболчара, шайна мел еллачу харжех оборудовани а эцна, иза учрежденешка дIаелла. Ткъа гIишлош чуьра пенаш хийцар, гIирсаш дIахIиттор санна болу белхаш, кхечу хьостанийн чоьтах, тIаьхьуо бан дагахь бу уьш.

Карарчу хенахь Ерригроссин халкъан фронтан Нохчийчохь болу жигархой, республикин могашалла Iалашъяран министерствон дехарца, оцу ведомствехь заьIапхошна баха-бахка бегIийла хьелаш кхолларехь нисделла кхачамбацарш билгалдохуш белхаш беш бу. Цу хьокъехь справка а хIоттор ю цара, и болх чекхбаьлча. Цул тIаьхьа дIахьур ду медицинийн учрежденешкахь оцу декъехь дан деза гIуллакхаш дар.

«ДIабаьхьначу талламаша «Доступная среда» программа кхочушъярехь нисделла кхачамбацарш гучудаха аьтто бина ца Iаш, программа кхочушъярехь дакъалоцуш болчарна массарна а гайтина бIаьргаца бустам а баьккхина, ерриге а новкъарлонаш дIаяхалург цахилар, массарна а гIуллакх (пандус, гIола, кхиерг) муха, муьлхачу барамехь, муьлха бакъенаш ларъеш дан деза хаа дезаш хилар. Уггаре а коьртаниг, уьш тешийна заьIапхойн юкъараллин организацийн эксперташца цхьаьна болх бан безаш хиларх, программин харжех тIалам боцуш пайдаэцар цахилийтархьама», – дерзийра Аздаева Рабус.

Шаьш бинчу талламан жамIаш Ерригроссин халкъан фронтан векалша дIадахьийтира «Доступная среда» программа кхочушъеш болчаьрга. Цара тIелецира билгалдаьхна дерриге а кхачамбацарш дIадаха а, социальни а, культурин а, могашалла Iалашъяран а, кхийолу а учрежденеш а, организацеш а заьIапхошна аьтто болуш ян, царна оьшу бегIийла хьелаш хилийта.

Д.ПАШАЕВ

№86, шинара, хьаьттан (август) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: