Ненан мотт Iалашбаран а, кхиоран а гIуллакхаш дийцаре дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Правительствон декъашхошца хиллачу кхеташонехь.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Даудов Мохьмада, Правительствон хьалхарчу вице-премьера Тумхаджиев Iийсас, вице-премьера Магомадов Iабдуллас, вице-премьера, республикин автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Жамалдаев Шаида, республикин дешаран, Iилманан министра Байханов ИсмаьIала, культурин министра Дааев Хожа-Баудис, кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Тагиев Мурата.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира ненан мотт а, йоза а дIадаларо дийнна халкъаш дайна дIадовларна тIедалош хилар.
«Халкъо ненан мотт бийцар дIатесча, дIайолу цуьнан культура а, цуьнан къоман башхалла а. Бераш школехь долуш дуьйна Iамо деза ненан мотт бийца а, ненан маттахь яздан а. Муьлххачу а къомах хиларх дозуш доцуш, муьлххачу а стагана хууш хила беза шен мотт, девзаш хила деза шен Iадаташ, гIиллакхаш. Культурин центраш йохкуш а, литература арахоьцуш а, вай боккха тидам тIебохуьйту республикин халкъийн дерриге а меттанашна. Цундела вай декхарийлахь ду, нохчийн мотт Iалашбарехьа а, кхиорехьа а къийсам латто», – элира Р.Кадыровс.
Республикин Куьйгалхо литераторшка а, лингвисташка а кхайкхира бахархошца, ша аьлча, кегийчу нахаца цхьаьнакхетарш дIадахьаре.
«Царна йовзийта еза нохчийн яздархойн произведенеш, гайта еза ненан меттан исбаьхьалла а, иза дуккха а агIонаш йолуш хилар а», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Жамалдаев Шаида хаам бира 10 шарна лерина йолу ненан мотт кхиоран программа кечйина хиларх лаьцна. Цо билгалдо республикин дешаран заведенешкахь ненан меттан занятеш алсамъяхар а, фольклоран материал гулъяр вовшахтохар а, нохчийн Iилманан, культурин, дешаран г1уллакххойх лаьцна Iилманан-довзийтаран фильмаш яхар дIахIоттор а.
Деза де тIекхочуш, кхочушдина дуккха а гIуллакхаш: Iилманан-практически конференцеш, фольклоран деза денош, Iилманчашца–мотт таллархошца цхьаьнакхетарш.
Кхеташо ерзош, Р.Кадыровс билгалдаьккхира ненан мотт Iалашбаран, кхиоран гIуллакхашкахь беш болу болх жигарабаьккхина хила декхар хилар.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун,
Правительствон пресс-служба