ТIом боло сакIамлуш дукха пачхьалкхаш яра Европехь ХХ-гIа бIешо долалуш. 1870-чу шарахь хиллачу тIамехь шайгара Пруссис дIадаьхна Лотарингин а, Эльзасан а латтанаш юхадезара Францина. Халкъан маршонехьа сатуьйсуш сербаш бара. Балканашкахь шаьш, кхин цхьа юкъа а ца гIерташ, олалла дан лууш болгараш бара. Массара дIасаийзийна къацахетарин дакъош хилла Польшин латтанаш, хьаннах летта а, юхадерзо лууш полякаш бара. «Берлин–Багдад» цIерпоштнекъ биллар Iалашо йолуш керла мехкаш дезаш Германи яра, ерриге а Европина шаьш олалла дан дезаран ойланаш хьекъош. Хаддаза Россина церг хьекхош Австро-Венгри яра. Балканашкахь буьрса кхихкина тIемаш бахьанехь, шайн карара девлла, цкъа мацах шайн хилла латтанаш юхадезаш туркой бара. Немцой эвхьаза Африке кхийдарна реза ингалсхой бацара. Цара аьттехьа ца дуьтура шаьш дола яьхна Iаьржачу Iаьрбийн колонеш Германина дIаяла.
Цхьана а хIуманца бала боцуш, паргIат Iаш Росси яра аьлча а нийса хир дацара. «Берлин–Багдад» цIерпоштнекъ немцошка ца буьллуьйтуш лата кечлуш иза яра. Цул сов, дуьненаюкъарчу хIордачухула шен хинкеманаш дIасалелийта бакъонаш чIагIъян гечонаш лоьхуш, Дарданеллехь а, Босфорехь а олалла даре сатесна яра вайн пачхьалкх а. ТIамо бен достур долуш шеддаш дацара уьш. Иза дIаболабалийта массара а цхьабосса къайлах-къулах питанаш леладора.

ТIом хир буй хууш, тIамна кечам беш франкхой, оьрсий берта балийна ингалсхоша блок кхоьллира. Цунна «АНТАНТА» цIе тиллира. Ледара Iаш немцой бацара, цара а иштта кхаа пачхьалкхан цхьабарт болу блок кхоьллира Австро–Венгри а, италахой а тIе а озийна. «Тройственный союз» цIе йолуш исторехь бисина и барт а.
Эххар а, Боснин-Герцоговинин коьртачу шахьарахь Сараевохь 1914-чу шеран 28-чу июнехь Австрин эрцгерцог, дошлойн инарла Фердинанд Франц а, цуьнан хIусамнана Гогенберг София а сербийн студента Принцип Гаврилас тапча тоьхна дер бахьана хIуттий, дIаболало Дуьненан хьалхара тIом. Iаламат буьрса, цкъа а ца Iанийначу кепара могIарерчу салтийн цIий Iанош беара иза. Юьхьанца иза дIаболалуш, бархI паччалкх яра вовшахлеташ. ТIаьхьуо уьш кхин а алсамъевлира.
1914-чу шеран 1-чу августехь дуьйна Росси яра оцу тIамехь дакъалоцуш. Россига иза схьахьебинарг Германи яра. Германис схьахьебина ца хилча а, Францин дозанехь буьрса кхехкаш тIемаш болуш, «АНТАНТИН» декъашхо йолчу Россин юьстаха Iойла дацара. Июль баттахь дуьйна кхайкхийна жигара дIайоьдуш мобилизаци а яра Россин массо а маьIIехь.
Мехкаш къийсар а, латтанаш ца тоьаш карзахбийлар а паччахьийн гIуллакх делахь а, тIеман аре даима могIарерчу бIаьхошна кхочуш ю. Толаман шуьнехь лакхара хьаькамаш хилахь а тIеман къахьо мискачу адамашна юьсуш ю. 1914-чу шеран аьхка болабеллачу тIеман декъазчу декъехь нохчий а бара, маьршачу хенахь эскарех гIуллакх дар кегийчу къаьмнашна тIедужуш ца хиллехь а оцу муьрехь. ТIом болабеллачу хьалхарчу деношкахь инарлашна дагабогIу кавказхой. Церан майралла, доьналла, бIаьхаллин хьуьнарш. Дуьненан хьалхара тIом болалуш Россин империн паччахь хиллачу Николай ШолгIачо омра дира дерриге а къаьмнийн векалех цхьацца полк вовшахтохар тIедожош.
Уггаре а хьалха кхоьллинарг гIебартойн полк яра. Цунна тIаьххье балкхароша шайн полк вовшахтуьйхира. 1914-чу шеран 23-чу августехь вовшахтоьхна яьлла нохчийн полк а яра. Кавказан къаьмнийн векалех вовшахтоьхначу полкех леррина дивизи кхоьллинера. Паччахьан жимахволчу вешин Михаил Александровичан куьйгакIел хир йолуш яра и кхаа бригадех лаьтташ йолу дивизи. Нохчийн полк шолгIачу бригадина юкъайогIуш яра. Подполковник Святополк-Мирский Александр Сергеевич вара оцу полкан командир. Цуьнан адъютант вара поручик Чермоев Iабдул-Межед (Орцин Тапа). БIаьхаллин говзаллин баххаш дошлошна Iамош шина баттахь гергга Соьлжа-ГIалин йистошкахь лаьттира нохчийн полк. Ткъа 1914-чу шеран октябрь беттан хьалхарчу деношкахь буьрса тIемаш кхехкачу Малхбузерчу Украине яха новкъаелира. 18-чу октябрехь нохчийн полк цига дIакхаьчна хилар хоуьйтуш телеграмма яийтира полкан командира Святополк-Мирский Александр Сергеевича. 1914-чу шеран 4-чу ноябрехь арадаьллачу «Терские ведомости» газетехь зорбатоьхна хилла и телеграмма.
Иштта-м 1914-чу шеран 3-чу декабрехь арадаьллачу оццу газето Россин Паччахьа Николай ШолгIачо яийтина телеграмма а йоккху зорбане. Оцу телеграмми тIехь паччахьа, довха дешнаш ца кхоош, баркалла боху нохчийн халкъана яхь йолу, майра кIентий кхиорна, Россина, Даймахкана уьш тешаме хиларна. Бакъдерг дийцича, цунах цецвуьйлийла дац. Ноябрь беттан чаккхенехь дуьйна нохчийн полк луьрачу тIеман арахь лаьтташ яра, дуьне цецдоккхуш, шайгара майралла, доьналла гойтуш. 1914-чу шеран декабрь баттахь дала доладо царна тIеман совгIаташ а. 1914-чу шеран 14-чу декабрехь гайтина бIаьхаллин хьуьнарш бахьанехь дуьххьара тIеман совгIаташ схьаэцначарах ву урядник Борщиков Iабдул-Муслим, урядник Эльмурзаев Чингис-Хан, дошлой Зубайраев Iамал, Магомадов Элмарза, Джамалдинов Сайпудди, иштта дуккха а кхиберш.
Оцу буьрсачу денойх, Кавказерчу дошлойн майраллех яздина гIараваьлла вевзачу оьрсийн яздархочун Толстой Левн кIанта, тIеман корреспондент хиллачу Толстой Илья Львовича. Москвахь арадолуш хиллачу «День печати» журналехь хилла цуьнан «Алые Башлыки» цIе йолу очерк. Цул тIаьхьа иза юха а зорбатоьхна хилла «Терские ведомости» газето. Пхи бIе гергга стаг хилла Нохчийчуьра оцу тIамехь дакъалоцуш. Массара а цхьабосса майралла, доьналла, бIаьхаллин хьуьнарш гайтина оцу буьрсачу тIамехь. Мел ирча, хала киртигаш шайна тIехIиттарх, яхь дIа ца луш, къоман сий лардина.

Яьллачу цIеран хьесапехь кхехкаш тIом хиларх, цкъа а тIеман арахь воьжна накъост вуьтуш ца хилла вайн махкахоша. Велларг вайнехан Iадатехь дIаверзош молла а хилла полкехь. Вовшашца а гIиллакх-оьздангалла чIогIа ларъеш хилла вайн дошлоша. Воккхачуьнца ларам хилла. Мел лакхарчу чинехь велахь а, тIеман арахь эпсар велахь а, тIом боцчу сахьташкахь чинаш, даржаш хьесапе оьцуш ца хилла. Даккхий бIаьхаллин хьуьнарш гайтарна луш долчу совгIатех аьрзу (двуглавый орел) тIехь долу мидал схьаоьцуш ца хилла нохчаша, котам тIехь ерг ца еза шайна, олий. Цхьанна а вордана хьалха хаа лууш ца хилла, осала хеташ.
Кхин цхьа хIума а дара суна билгалдаккха лууш, кавказхойн дивизина юкъайогIуш хIирийн полк а хилла, шен коьртехь полковник Кибиров Аьстмар а волуш. Обарг Зеламха вийнарг хилла иза. Оцу хенахь-м поручик бен ца хилла Кибиров. Делахь а, Зеламха верна вазвеш, рогIехь доцу чин делла, паччахьан Iедало айъина лелош хилла-кх. Бакъду, мел чIогIа хьалаайъинехь а, нохчашна улло ван ваьхьаш-м ца хилла Кибиров оцу тIамехь. Нохчийн полкехь алссам веданхой буй хууш, Зеламхин верас царна юкъахь хилахь а бохуш, массарна коьртахваьлла, нохчех Iаламат чIогIа ларлуш, ийзалуш хилла полковник.
1914-чу шеран аьхка болабелла Дуьненан хьалхара тIом хьахийначохь, даима карлайолуш ю «Брусиловский прорыв» цIе йолу оьрсийн эскаран тIеман операци. Дозаллица хьахадо оцу чолхечу операцехь вайнаха дакъалаьцна хилар а. Мел халахеташ делахь а, дукхахболчарна кхин цунах хууш хIума а дац. Ткъа вай декхарийлахь ду вешан дайн бIаьхаллин некъаш довза. Цара Галицехь, Карпаташкахь, Днестр, Прут цIе йолчу хин йистошкахь тIемаш бина, шайн турпала догIмаш, мерза синош ца кхоош. Буьрсачу тIеман арахь цхьанна а хьалхе дIаяла ца лууш, мостагIчух дера летта вайн дай. Делахь а, 1914-чу шеран аьхка болабеллачу Дуьненан хьалхарчу дуьххьарлерачу тIеман уггаре а мехала тIеман операци ларалуш «Брусиловский прорыв» хилча, вайна хаа деза нохчийн полк и маьIне тIеман операци дIахьош хьалхарчийн могIарашкахь хилла хилар. Кхин цхьа цIе ю оцу тIеман операцин – «Луцкий прорыв».
Инарла Брусилов Алексей Алексеевича куьйгалла дечу къилба-малхбузерчу фронто 1916-чу шеран май беттан 22-чу дийнахь дIайолийна хилла операци. ПохIме эпсар, хьуьнаре бIаьхо ша хилар инарло гайтарна олу оцу тIеман операцех «Брусиловский прорыв». Бакъду инарлина нуьцкъала гIортор хилла лаьттина кавказхойн дошлойн дивизи, шена юкъахь нохчийн полк йолу. БIаьхоша цхьана дийнахь хьуьнар гайтина дIайирзина тIеман операци яц иза. ДIайолаялар 22-чу майхь хиллехь а, дIаерзар 1916-чу шеран 7-чу сентябрехь бен ца хилла цуьнан. МостагI Днестр хина генна дехьа кхоссар хилла цуьнан Iалашо. Iаламат дукха ницкъаш хилла оцу тIеман операцехь дуьхь-дуьхьала лаьтташ. Оьрсийн эскарехь 534 000 гIашсалти, 60 000 дошло, 168 йоккха топ, 1 770 пулемет хиллехь, Австро-Венгрин а, Германин а 448 000 гIашсалти, 38 000 дошло, 545 йоккха топ, 1 301 пулемет хилла. МостагIчун яккхийчу тоьпаша ницкъбеш хилла вайн бIаьхошна. Делахь а, мостагIе къар-м ца белла вайн бIаьхой. Толаман доккхах долу дакъа Кавказан дошлойн дивизина кхочуш хета, леррина ойла йича, тIеман хьалхе даима а цаьрга кхочуш хиларна. Цунна къеггина масал ду нохчийн полк. «Брусиловский прорыван» юхь а вайн махкахоша дIайолийна ю, историн документаша иза тIечIагIдеш ду.
26-чу майхь, шеца кхо накъост волуш, шайн лаамехь буьйсанна разведке ваханчу дошлочо Сулейманов Межеда талламаш бина мостагIчун дозанехь. Церан аьтто болу гIаролехь лаьтта ши немцо вен а, шайна оьшу мехала хаамаш гулбан а. 27-чу майн Iуьйранна сатосуш, кхин зен-зулам доцуш, шайна тIедехкина декхарш кхочушдина, нохчийн полке юхавоьрзу Сулейманов Межед, цуьнца хилла Исиев Iаьзим, Иразов Расу, Снегур Пётр. 30-чу майхь нохчийн полк массарал хьалха Днестр хих дехьаяьлла, мостагIчунна тIелатар деш яра. Массарал хьалхаяьлларг есаул Дадиани Давид коьртехь волу 4-гIа сотни (бIо) яра. БIаьрга Iоьттича пIелг гур боцучу Iаьржачу буьйсанна шеца 62 нохчий волуш, бIаьстенан хиш дестийна догIучу Днестр хих дехьавелира Дадиани Давид. Шаьш долчу агIор тIекхачале немцошна тосабелира уьш. Шайгахь долу герз тIетIуьйхира цара хи чохь болучарна. Амма нохчий къар ца белира. Дукха зен ца хуьлуш, хих дехьабевлира, мостагIчунна тIелатар дира. Эха сахьтехь ца бахбелира дуьххьарлера тIом. 62 нохчийчо 250 австрихо йийсаре валийра, ши пулемет схьаяьккхира. Дуьхьало ян гIоьртина мостагIий хIаллакбира.
ШолгIачу дийннахь паччахьна дIахаийтира нохчаша гайтина бIаьхаллин хьуьнар. Хазахетар совдаьлла цецвуьйллучохь висина хиллера паччахь. Операцехь дакъалаьцначу массо а нохчичунна совгIаташ дина хиллера Георгин жIарашца. Церан массеран фамилеш яьхна яздархочо Опрышко Олег Леонидовича ша язйинчу «Кавказская конная дивизия» цIе йолчу книги тIехь. Есаул Дадиани Давид ца витина совгIат доцуш. Цунна елларг орден Святого Владимира ю. Иштта башха хьуьнарш гайтина вайн махкахоша Дуьненан хьалхарчу тIамехь. Нохчийн полкехь хилла ца Iара вайн махкахой оцу тIамехь дакъалоцуш. Къилбаседа-малхбузерчу фронтехь инарла Алиев Ирисхан хилла «Брусиловский прорыв» тIеман операцехь дакъалоцуш. Луцк гIала мостагIчуьнгара шен эскарца схьаяьккхинарг а ву инарла Алиев Ирисхан. Цунах лаьцна яздо Деникин Антон Иванович «Путь русского офицера» цIе йолчу шен книги тIехь.

Дуьненан хьалхарчу тIамах лаьцна йолу литература йоьшуш, кест-кеста карадо Чермоев Iабдул-Межедах долу юьхькIоме дийцарш а. «Брусиловский прорыван» кхиамаш хаддаза шен семачу тидамехь латтийначу «Армейский вестникан» агIонаш тIехь яздина Iабдул-Межедан доьналлех. Разведке ваханчохь тилавелла мостагIчун позицешка нисвелла хилла вайн махкахо. Говрахь шайна шеквоцуш тIевеанчу беречух цецбевлла хьоьжуш хилла австрихой а. ТIахьуо Iабдул-Межед а кхетта ша лелориг нийса цахиларх. Амма вохар аьттехьа ца доуьйтуш, цхьа куро шен холхазан куй дIа а нисбина, тамашийна мохь-цIогIа тухуш говр дIаэккхийтина цо.
И санна долу дийцарш дукха ду 1914-чу шеран аьхка болабеллачу Дуьненан хьалхарчу тIамехь дакъалаьцначу вайн махкахойх лаьцна яздина. Самукъадолу уьш доьшуш. Дозалла до иштта яхь йолуш кIентий кхиочу къомах хьо схьаваьлла хиларх. Оьрсийн эскаран боккха толам санна истори юкъаяхна ю «Брусиловский прорыв» цIе йолу тIеман операци. Вайна хаа деза, оцу толаман юкъахь вайн дайн дакъа хилла хилар. Оцу тIеман операцин юьхь вайн махкахошкахь хилла хилар а. 1916-чу шеран 7-чу сентябрехь дIайирзина «Брусиловский прорыв» тIеман операци.
Карахь долчу 2016-чу шеран аьхка бIе шо кхочу вайн майкахоша цигахь хьуьнарш гайтина. Пхи бIе гергга волчу нохчичух цхьаа а висина вац майралла, доьналла гайтарна паччахьо совгIат ца луш. 1916-чу шеран 6-чу сентябрехь «Брусиловский прорыван» тIаьххьара хиллачу тIеман дийнахь бIаьхаллин хьуьнар, майралла, доьналла гайтарна Россин паччахьо орден Святого Станислава яларца совгIат дина нохчийн полкерчу подпоручикна Берсанов Мухьарбина.
Вайна хаьа совгIатийн дуьхьа цара тIом ца биний. Цара ларйинарг Даймехкан маршо а, нохчийн халкъан сий а ду. Цундела, Iаламат мехала ду тахана уьш дагалацар а, церан сий дар а. Вайх хIоранна а боккха юьхькIам бу исторехь церан сийлахь цIерш йисина хилар а, буьрсачу тIеман арахь дуьне цецдоккхуш бIаьхаллин хьуьнарш цара гайтина хилар а. Нохчалла ю цара дIакхехьнарг. Вайх хIоранна а къилба а хилла дIахIотта езаш йолу нохчалла!
А.ГАЗИЕВА
№86, шинара, хьаьттан (август) беттан 2-гIа де, 2016 шо