Даре дар

Ас наб йо диллинчу бIаьргашца. ГIан го суна. Со волчу догIу, жайна а карахь, сан Малик. Хьалхара агIо дIа а йоьллий, цо доьшу:

Дерриге а адамаш маьрша а, цхьа бакъонаш а йолуш кхуллу Дала. Царна делла хьекъал а, эхь-бехк а, цундела, цхьа вежарий санна, баха а беза уьш.

– Муха хета хьуна? – хотту Малико.

– И дешнаш жайни тIера дац, – дIабоху ас, суо бакъ хилар чIагIдаран озехь чIоггIа. – Адамийн бакъонийн Декларацин хьалхара статья ю.

– Нийса ду, – боху Малико. – Ткъа жайни тIехь иштта аьлла дац?

– Аьлла хила а тарло, – тIе тов со. – Амма адамаш – Деланаш бац. Цара къинош а летадо. Церан дегнаш чу Дала неIалт кхайкхийна Иблис дулу. Цо ца вуьту стаг нийсачу новкъа вала. Ткъа Иблисан лаг Iовда адамна стогалла ца тоьу. Кхузара дIа бу тхан берриге а бохамаш.

– ХIета Iодикайойла! – боху сан Малико. – Кхин ма алалахь сох Малик-лардархо. Хьуна баьлла кхаж – жоьжахата ю.

– Собар, собар! – тIаьхьа мохь бетта ас. – Ас кхочуш ма до АллахIа тIедехкина фарзаш: дийнахь пхи ламаз до, Рамазан баттахь марханаш кхобу. Уьш кхачаме дац, ткъа?

– Дац – жоп ло Малико. ХIора денна леш бу хьан вежарий а, йижарий а, наной а, дай а. Ахь хIун дина и зулум юхатоха?

– Со жима адам ма ду. Суна тIехь урхалла деш лекхачу даржашкара хьаькамаш ма бу. Цара кхуллуш ду-кх и зуламаш. Ткъа ас сайн дахарехь зингатийн бен а ма ца бохийна.

– Ахь айхьа, кхаж а тесна, ма хаьржина уьш. Делахь-хIета, хьайна тIе эцна-кх церан бехкаш а, къинош а.

КIайн тIам тоьхна дIадаха сан Малик. Ур-аттала, Iодика а ца еш. Ас вуно чIогIа халахетийтинчух тера ду цунна.

…Со самавоккху бомбанийн а, яккхийчу тоьпийн а лелхарша. ТIом хIинца а дIабоьдуш бу. Леш ду бехк-гуьнахь а доцу адамаш. Сан Малик юхадогIу Iуьйранна.

– Хьо кхийтирий хьайн бехк стенах боллу.

– ХIаъ, кхийтира, – ду сан жоп. – Суна моьттура айса кхаж сан а, сан халкъан а кхерамазаллин закъалт хилла дIахIотта везачу стагана тесна. Амма кхаж тесна хилла Дажална. Кийча ву-кх со жоьжахата ваха.

– Ас Мулкалмовт доуьйтур ду хьуна. ЛадоьгIуш Iиэ.

Шен кIайн тIам тоьхна дIадаха сан Малик. Со сайн са эца дан дезачу Мулкалмовте ладоьгIуш Iаш ву.

ШАЙХИЕВ Iалвади

№86, шинара, хьаьттан (август) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: