Кху шеран 11-чу июлехь Соьлжа-ГІалахь, Нохчийн Республикин харжамийн комиссехь, журналисташца семинар-кхеташо дІаяьхьира.
Иза вовшахтоьхнера Республикин харжамийн комиссино. Семинарехь дакъалецира республикин телерадиокомпанешкара а, хаамийн агентствошкара а, газеташкара а журналисташа.
Семинаран болх дІаболош, дакъалацархошка маршалла а хаьттина, харжамийн балхахь шуьйрачу хаамийн гІирсийн а, интернетан а маьІнах лаьцна дийцира Нохчийн Республикин харжамийн комиссин председатела Байханов ИсмаьІала. Харжамех болу хаамаш леррина бовзийта безаш хилар а, журналисташна тІехь жоьпалла долуш декхарш хилар а дагадаийтира Байхановс.
Юкъараллин дог-ойла кхиорехь шуьйрачу хаамийн гІирсаша дакъалацарх лаьцна йоцца доклад йира харжамийн комиссин декъашхочо Тааев Илеса.
Харжамийн цхьаьнакхетараллаша агитацин мероприятеш дІахьочу хенахь шуьйрачу хаамийн гІирсийн цхьатерра хьелаш хилийта дезарх лаьцна хаам бира Республикин харжамийн комиссин Председателан заместитела А.Магомадовс.
Харжамийн кампанех хаамаш лучу хенахь шуьйрачу хаамийн гІирсийн векалийн бакъонех а, декхарех а лаьцна дийцира Харжамийн комиссин аппаратан юридически отделан куьйгалхочо С.Эльсункаевс.
Хьалха дІабаьхьначу харжамашкахь нисделлачу кхачамбацарийн масалш далийра Байханов ИсмаьІала.
Харжамийн кампанехь бан безачу балхах лаьцна дуьйцучу къамелехь дакъалецира «Вайнах» телерадиокомпанин директора Ельсаев Іаламахьада а, Нохчийн Республикин журналистийн Союзан Правленин председатела Хатуев Ислама а, кхечара а.
Цу тІехь семинаро шен болх дІаберзийра.
М.АРСАНУКАЕВ