Дуьненаюкъарчу форуман дакъалацархой – Къоман музейхь

«Кавказский диалог» проектан гурашкахь 26–31-чуй июлехь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу хIорашеран Iилманан-дешаран «Кавказ и глобальная турбулентность» форуман дакъалацархой хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Къоман музейхь хилира.

0_11a552_4fd707a6_XL

Россера, Азербайджанера, Эрмалойчуьра, Гуьржийчуьра, Абхазера, Къилба ХIирийчуьра къона политологаш, журналисташ, Iилманчаш, студенташ бара Къоман музей баьхкина. Царна хьошалла деш яра музейн генеральни директоран заместитель Гелагаева Элиса. Цо царна дийцира музейн историх а, музейн фондаш вовшахтохаран гIуллакхах а, кхузахь беш болчу Iилманан-талламан балхах а лаьцна.

Дуьненаюкъарчу форуман дакъалацархоша экскурси йира гайтаман залашкахула. Хьовсархойн къаьсттина тидам тIебахнера археологин, этнографин, изобразительни искусствон залашна. Леррина ладугIура цара нохчийн къоман Iер-дахарх, гIиллакхех, ламастех, культурех лаьцна а, хIокху тIаьхьарчу шина тIамехь галдевлла суьрташ музейн юхадерзорах лаьцна а дуьйцуш. Церан дуккха а хаттаршна жоьпаш делира Музейн белхахочо.

Хьешаша «Дагалецамийн книги» тIехь довха дешнаш яздира. Политикин а, тIеман а таллам-баран институтан къаьмнийн юкъаметтигийн проблемаш кафедрин доцента Маркедонов Сергейс баркалла элира музейн куьйгаллина а, белхахошна а шайна кхузахь йолу экспонаташ йовзийтарна а, нохчийн къоман гIиллакхех, Iадатех дерг дийцарна а. ТIейогIучу хенахь Iилманан-талламан балхахь шена музейн кхиамаш хуьлийла лаар а, герггарчу хенахь шен кхуза юха а ван ойла хилар а хаийтира. Э.Гелагаевас шаьш долчу дахкарна баркалла элира хьешашна.

Л.ДАУТОВА

№86, шинара, хьаьттан (август) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: