Х1окху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу №16 йолчу школехь дешархошца цхьаьнакхетар д1адаьхьира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос. Оцу цхьаьнакхетаран Iалашо яра – кегийрхошна юкъахь кхетош-кхиоран болх жигарабаккхар а, экстремизмана дуьхьало яран некъаш лахар а. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а, Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца йолчу зIенийн департаментан коьрта говзанча Эльмерзаев ИсмаьIил, лакхахь билгалъяьккхинчу министерствон хаамийн технологийн отделан белхахо Сардалов Джамбулат, Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Нохчийн Республикехула йолчу экстремизмана а, терроризмана а дуьхьало яран марказан куьйгалхо Эльмурзаев Шамиль.
Интернетах долучу зуламех лаьцна дийцира дешархошна. Хьалхара дош олуш, вистхилира Дж.Сардалов: «Вайна массарна а хаа интернета чухула вайх а, бусалба динах а лаьцна харцдерш дуьйцурш дуккха а буйла. Интернета чохь яздечу цхьадолчух теша мегар дац. Нах «джихаде» кхойкхуш йолу сайташ ю цу чохь. И санначаьрца зIе ма таса. Ислам динца юкъара х1умма а доцу нах бу и тайпа хIуманаш яздеш берш. Цара мел лелош дерг бусалба адам харц новкъа даккхархьама лелош ду. Цундела шу лардала деза цунах», – элира цо.
Iилма динца доьзна хиларх лаьцна дийцира И.Эльмерзаевс:
«Iилма Делера ду. ХIокху дуьнен чохь мел долу хIума Дала кхоьллина ду. Дуьненан Iилма дахаран новкъахь ца хилча йиш йоцуш, оьшуш ду вайна. Аш дешар Далла Iамалъяр ду шуна. Стаг 15-ттара ваьлча дуьйна цо мел дечу вуочу хIуманах къа хьаьрча цунах. Цундела шайгара вуониг ца далийта хьовса деза шу. Шун коьрта Iалашо дешар ю. Хьекъал долчо пайдаоьцур бу интернетах. Вайна дуккха а социальни сеташ ю: «Facebook», «Twitter», «WhatsApp», кх.дI.а. Царна вай дуккха а хан йойъу. Цул гIолехь хир дара аш книгаш ешча. Дала вайн таханлера вовшахкхетар пайден дойла», – элира цо.
«WhatsApp» чохь денна дIасакхоьхьуьйтучу видеоматериалех лаьцна а масех дош элира Ш.Эльмурзаевс. Цо билгалдаьккхира «Ради Аллаха, дIасаяхьийта хIара видео» аьлла, йохкуьйтуш йолчу видеороликех теша мегарг цахилар.
Шайна мел динчу хьехаршка лерина ладуьйгIира дешархоша. Теша лаьа, царах кегийчара пайдаоьцург хиларх.
З.ЛОРСАНОВА