Москварчу Iилманан-талламан медицинин институтан векалш – вайн республикехь

IMG-20160803-WA0003Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министр Сулейманов эльхан а, Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин институтан директор Байсултанов Идрис а цхьаьнакхийтира Москван областан медицинин Iилманан-талламан М.Ф.Владимирскийн цIарахчу клиникин  институтан векалшца. Царна юкъахь
яра оцу институтан директоран дешаран декъехула йолу директор, лоьрийн корматалла лакхаяккхаран факультетан декан, профессор Санина Наталья а, иштта Россин Федерацехь гIараяьлла евзаш йолу хирург-стоматолог, мочхалан-юьхьан хирургин а, стоматологин хирургин а кафедрин профессор, медицинин Iилманийн доктор Амхадова Малкан а. Цхьаьнакхетаран коьрта Iалашо яра Москван областан медицинин Iилманан-талламан М.Ф.Владимирскийн цIарахчу клиникин институтана а, Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин институтана а юкъахь гергарло, Iилманан, дешаран зIенаш тасар.
Дуьйцуш дерг коьртачу декъана дипломана тIаьхьара долу дешар дара. Шаьш хаьржинчу говзаллин хаарш цигахь кхин а кIаргдан аьтто хир бу нохчийн кегийрхойн а, мехкарийн а.
Ткъа царна хьоьхуш, лекцеш йоьшуш хир бу М.Ф.Владимирскийн цIарахчу медицинин институтан профессорш, Россин Федерацехь гIарабевлла бевза Iилманчаш.
Нохчийн Республикина могашалла Iалашъяран декъехь мехала гIуллакх ду Москварчу Iилманчаша тIедеанарг.
Билгалдаккха лаьа Москван областан медицинин Iилманан-талламан М.Ф.Владимирскийн цIарах йолчу клиникин институт вайн пачхьалкхан бахархойн хьашташ кхочушдеш медицинин лаккхарчу технологин гIирсашца а, говзанчашца а шен цIе, сий долчу медицинин учрежденех цхьаъ хилар. Иза XVII-чу
бIешарахь Россин империн паччахьа Екатерина ШолгIачо – 1775-чу шарахь йиллийтина ю.
Говзанчаш кечбарехь доккха зеделларг ду институтан нохчийн студентийн а, церан дай-нанойн а йоккха дегайовхо ю оцу институтан болх вайн республикина беркате хирг хиларх. Ткъа говза лоьраш хи санна оьшуш бу вайн республикина.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрта тIехь:
Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствехь
хилла цхьаьнакхетар

шот, мангалан (июль) беттан 30-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: