Къоман гвардин директора лаккхара мах хадийра Нохчийчуьрчу эскаргIуллакххойн говзаллин

ХIокху деношкахь Нохчийн Республике веара Россин Федерацин Къоман гвардин директор Золотов Виктор. Аэропорте хьешана дуьхьал вахара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Россин Федерацин Къоман гвардин 46-чу ОБРОН-н штабехь командни белхахошца кхеташо дIаяьхьира цара. Къилбаседа Кавказехь долчу оперативни хьолах лаьцна къамел деш кхеташонехь вистхилира ОГВ(с)-на куьйгалла деш волу инарла-лейтенант Власенко Сергей.

Цо билгалдаьккхира, Къилбаседа Кавказан округехь оцу декъехь долу хьал тIеттIа толуш догIуш хилар. Масална цо хьахийра Нохчийн Республика. Цо дийцарехь, таханлерчу дийнахь Къилбаседа Кавказан федеральни округехь уггаре а сиха кхуьуш а, синтеме а республика ю иза.

– Кхузара криминогенни хьал цхьанаэшшара дика лаьтташ ду. Луьрачу зуламийн барам 25 процентана лахбелла кхузахь, – элира С.Власенкос.

Докладехь цо иштта билгалдаьккхира законехь йоцчу герзашца йолчу тобанийн декъашхойн агIонгахьара хила тарлуш долу зуламаш цахилийтархьама Нохчийн Республикехь дуккха а леррина долу гIуллакхаш дIадаьхьна хилар. Нийсса ах гIуллакхашкахь дакъалаьцна 46-чу бригадо.

Россин Федерацин Къоман гвардин директора Золотов Виктора билгалдаьккхира, дуьненчохь хуьлуш болчу хиламашка хьаьжча, Россин эскарийн кийча хилар лаккхарчу тIегIанехь латто дезаш хилар.

Кхеташонехь дакъалаьцначул тIаьхьа Кадыров Рамзан а, Золотов Сергей а Гуьмсехь дIаяьхьначу Нохчийн Республикин Инструкторийн отделан кхо шо кхачарна леринчу даздаршкахь хилира.

В.Золотовс лаккхара мах хадийра Нохчийн Республикин Куьйгалхочун нуьцкъаллин декъехула волчу гIоьнчас Мартынов Даниила куьйгалла дечу Инструкторийн тобанан белхан а, оцу тобанан уггаре а хала декхарш кхочушдан хьуьнар кхачаран а.

– Шун, баккъал а дозалла дан хIума ду. Цунна тоьшалла ду подразделешна юкъахь дIаяьхьначу дуьненан чемпионатехь аш толам баккхар. Терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам латторехь Къилбаседа Кавказехь хилла ца Iаш, ерриге Россехь а хьалхарчу меттехь ду шу. Шуна тIехь вайн пачхьалкх ларъяран доккха жоьпалла ду. Россин юккъерчу областашкахь кхерамаза хилар шу бахьана долуш ду, – элира цо.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана баркалла элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун нуьцкъаллин декъехула волчу гIоьнчина, отрядан куьйгалхочунна Мартынов Даниилна а, иштта берриге а инструкторшна а.

– Тайп-тайпанчу хьелашкахь – хьаннийн меттигашкара Къилбаседа полюсе кхаччалц – кечамбаран доккха зеделларг ду шун. Тахана аш шайн говзалла йовзуьйту вайн республикерчу а, Россин кхечу регионашкарчу а подразделенийн бIаьхошна. Даймохк ларбан даима а кийча долу говзанчаш ду шу, – элира цо.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Золотов Викторна Нохчийн Республикин лаккхара совгIат – Кадыровн орден а, иштта Леррина долу эскарш кечдаран дуьненаюкъарчу дешаран туьшан сертификат а делира. Мартынов Даниилна совгIат дира «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 60 шо» юбилейни мидалца. Отделан кхин а шина инструкторна – капитанна Коровин Александрна а, майорна Наурбиев Мохьмадна а – Кадыровн орденашца совгIаташ дира.

Золотов Виктора дийцарехь, терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам латторехь Нохчийчохь баккхий кхиамаш баьхна, иза террористийн организацеш йолчу пачхьалкхашкахь хIиттина хала хьелаш дIадахарна масал а ду.

I.МУРТАЗОВ

№87, еара, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: