Лайн кIелахь йисина бералла…

163027_600

1943-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан тIаьххьарчу деношкахь тхан чу, шайн чу вогIуш санна, хаттар доцуш, ялх салти чоьхьа велира, массаьргахь а белшаш тIе тесна деха цхьамзанаш долу пхоьазза йолу тоьпаш а йолуш, гехь тоьрмигаш а долуш.

Чоьхьабевллачул тIаьхьа, тоьпаш пенан соне ирахIиттийна, тоьрмигаш цIенкъа охьакхийсира цара. Жимма Iийна шайн тоьрмигаш чуьра консервийн гIутакхаш схьа а эцна, уьрсаца уьш  схьа а даьстина, Iаьржачу кхалларца тIе хи а молуш, юург йиъна,  маьркIажа хенахь поппаран маьнги тIе а, лаьтта а дIабийшира уьш. Сахилча, хьала а гIевттина, юьхь-куьг а дилина, сийсара санна, хІума а йиина, шайн тIоьрмигаш Iадда а дитина, тоьпаш ги а тесна,  арабевлира. Дийнахь юьртахула буьйлабелла а лелла, суьйранна тхан уьйтIа богIуш, шайна дуьхьалдаьлла тхан жIаьла, шайна летча, царех цхьаммо топ тоьхна, дийра.

ХIора дийнахь, цхьана хеннахь, ара а бовлий, малх дIабуьзначул тIаьхьа чу богIура. Иштта, уьш чу-ара а буьйлуш, денош дIаоьхура. Делкъанна юург юу меттиг тхан луларчу Элиханов Иммарзин рагIу  кIелахь яра тхан урамерчу салтийн.

Салташна цу метте кхехко чIерий кхоьхьура. И чIерий, йоккхачу гуьйрига тIехь дагарца дакъош а дой, ведарчохь кхехка а дой, дуура цара. Цара цунах «уха» олура. Со, цара лелочуьнга дуккха а хьоьжуш Iай, деша дIавоьдура.

Тхан доьшуш йолу меттиг Ташу-Хьаьжин Юсупан ши чоь йолчу хIусаман цхьа чоь яра. Цоци-Эвлахь, Гунойн юккъехь.

Чоь йоккха яцара. Чохь ялх парта а яра, хIора партана тIехь кхоккха  дешархо а вара. Хьалхарчу классехь тхуна массо урок луш верг Гелдаганара Ахъядов Мохьмад вара.

Цо тхуна элпаш а Iамийра. Уьш вовшахтаса а, деша а Iамийра, бIаьнна юккъехь долу терахьашца дагардан а Iамийра. Амма тхан дешаран дукхахйолу урокаш герзийн меженаш Iамош дIайоьлхура. Мохьмад дIаволалора: «Курок – лаг, затвор – чаппагIа, шомпал – чІу, ствол – тоьпан  гIад, прицел – Iалашо, диск – бохча, приклад а –тоьпан  бух, мишень – гIакх», – олий.

ХIора дийнахь яздарал а, дешарал а дукха дара герзийн меженаш Iамор. Юьрта юккъехула хьийзаш салтий хиларна дешарх а, массо хIуманах а дог даьллера. Тхан чохь салташца оьрсийн мотт бийца хууш стаг вацара. Воккхах волу ваша а цIахь вацара. Цул жимах волу ваша – Мовлади 5-чу классехь доьшуш вара.

Цхьаболчу наха шайга шу хIунда даьхкина аьлла хаьттича, шаьш «лаьмнийн хьелашкахь тIом бан Iамо далийна» бохуш хиллера салташа. Юьртарчу Iеламнахана а, оьрсийн мотт хуучарна а шаьш лелочух, бохучух тешош, агитаци лелор тIедиллина а хилла эпсарша.

Цхьаболчу салташка хаьттича, немцоша лаьмнашка кеманашца  десант кхоьссина, царна дуьхьал тоха далийна шаьш, олуш а хилла. Лахьанан (ноябрь) беттан хьалхарчу деношкахь кхарачой-балкхарой махках баьхна бохуш, хабарш а дара дуьйцуш. Амма, цхьаболчу  къинхетамечу салташа, шайна кхераме доллушехь, даьхни дIадахий, ахчане дерзаде, шу махках дохур долуш ду аьлча, теша а ца тешна вайнах.

Суна, тахана санна, дагадогIу тхан керта богIучу салтех цхьаммо, шу кхана цІера доху аьлча, цо аьллачух тхо ца тешна. ШолгIачу дийнахь 18 шаре ваьлла массо стаг ЦIечу Эскаран деза деду аьлла, гуламе  кхойкху аьлла, цхьана метте дIагулвира. Герз тIе лаьцна, юккъе  берзийра. Цул тIаьхьа, чу лилхинчу салташа карахь оьцург бен хIума   ца оьцуьйтуш, цу гонна юккъехь болчарна тIебигира бисинарш а.

1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чохь догIуш ло дара. Сихаллехь арадаьхначу берашна тIехь духарш ледара дара. Когахь мачаш йоцучу берийн а тидам хилира сан. Хулхулон тогIичохь, шелонна са тоха а ца делла, цхьана нехан серийн керт вовшахъяьккхина цIе  латийра. Шийла мох бара хьоькхуш, мохо  ловзош салтичо этIийначу Къуръанан кехаташ а дара…

Адам, хIун дан деза ца хууш, хьере хиллера. Шен гIуллакхна иттех метр гена вала а бакъо ца лора. Цхьадика, юьртал арахь гIотанехь волу тхан воккхах волу ваша а салташа цIа валийна хиллера. ТIекхечира малхбузу хан.

Схьаюьйлаелира Iамаркахойн «Студебекер» цIе йолу киралелон  машенаш. Маьхьарца халкъ цу машенаш тIе а доьттина, Аргун станци а далийна, даьхни лелочу «Пульман» олучу вагонаш тIе дехира. Вовшийн лоьхуш, хьоькхучу маьхьарша Iадийнера адамаш. Къеггина дагахь дисина суна кхин цхьа сурт.

Аргуне кхаьчча цхьана урамехула нах охьа а биссийна, хьалайогIучу машенийн а, нах тIе а боьттина, станцехьа йоьлхучу машенийн а «пробка» хилла, эпсарша шоферашна тІе эвхьаза маьхьарий хьекхар.

ХIинца а вогIуш-воьдуш цу ураме кхаьчча и сурт дуьхьалхІутту суна. Иза хIинца «Мельничная» цIе йолу урам бара. ТIанк-аьлла, вовшийн лоьхуш, маьхьарий хьоькхуш, адамаш тIе а доьттина, долу цІерпошт малхбалехьа дIатаьІира…

Вагона чохь белхарша, маьхьарша стаг Iадавал хьал дара. Деле кхойкхура, Пайхамаре гIо доьхура, устазашка орцадохура. Цхьаболчеран дукха билхиний, маьхьарий хьекхний йишшаш хаьллера. Вагонаш чохь цкъа кхаллал а рицкъ карахь доцурш а бара.

Чехка йоьдучу цIерпоштан мох лоьцуш, вагона чохь шийла яра. Чохь хIиттийна кегий аьчган пешаш-м яра, амма кхетилла хIума яцара. Цхьаболчарна йовхарш кхета йолаелира, цхьаберш могаш боцуш а хилира. ЦIано ян хи дацара…

Берашна а, баккхийчарна а ницкъ хилира. Некъаца кегий бераш леш меттигаш яра. ЦIерпошт дийнахь-буса цкъа сацайора. ХIора Iуьйранна, неI дIа а йоьллий, «мертвецы есть, а ну-ка выносите», – олий, декъий арадохура…

Доьхна де, къематан де дара тIедеанарг. Мацаллал хала яра хьогалла а, шело а. Дикка некъ бинчул тIаьхьа, шелонна са тоха а ца делла, аьчганекъана кIелхьара схьаяьхна, яхкаелла крезоль хьожа йогIу шпалаш яго йолийра. Уггаре а халаниг дара цIерпошт сецча, шайн гIуллакхна охьабиссина божарий а, зударий а вовшех лечкъа дезар. Вагона чохь болу нах вовшашка кхаьънаш дохуш, хазахеташ бийлина хан… Цхьана хенахь цIерпошт юханехьа йолаелча, вай хIинца цIа дуьгуш ду бохуш, хазахеташ маьхьарий девлира нехан.

Иза юханехьа болабаларан бахьана хилла цІерпошт кхечу некъа тIе яккхар. Доккха хIума ду-кх, оццул атта дIааьллачух тешаш къам ду-кх вай!.. Новкъахь яккхий халонаш ловш, декъий лайн кIела духкуш, эххар, ГІиргІизойн Токмак станце дIакхечира тхо.

Тхан цIерпошт станцин йистера узколейки некъа тIе дIахIоттийра. Тхуна дуьхьала яьхкина кIоштан массо колхозан стерчийн, говрийн ворданаш яра. Цхьана вордана тIе масийтта доьзалан сал-пал юттура. Ворданна тIехь гIиргIизо волуш тхо дерриге а гIаш тIаьхьа хIиттира…

Март бутт юккъе баьлла хан ю иза. Арахь йовха ю. ДIадоьлху меттиг мичахь ю тхуна цхьаннина а ца хаьара говр-ворданна урхалла дечунний бен. ГIаш беш берг гена некъ бара. Со, вуьс-вуьсуш, ворданна генна тIаьхьа висира. Сайн бIаьргашна ворда гуш хилчхьана тоуьйтура ас. Нийсса малхана дуьхьал хьалаоьхуш дара тхо. Март бутт белахь а, и де довха дара, со когаш Iуьйра вара.

Сайн  когаш лаьтто багош санна а хеталора суна, юьхь-м, хаа а луш, йогуш яра. Токмак станцера колхозе дIакхаччалц ас гIаш бина некъ, лаххара а, 12–15 км. хир бара хетарехь…

ДIакхаьчча, эрз тIе тоьхначу цхьана цIа чу тарбира тхан масех доьзал. КIела тесна ча а долуш, цу чохь масех де-буьйса даьккхира оха, кхехкош яй боцуш. Цул тIаьхьа, масех дедаьлча, цхьацца хIусамашка дIасадийкъира тхо.

Тхуна  кхаьчнарг, дукха хенахь дуьйна а нах чохь Iаза, латта тIе тесна, тиша цIенош дара. ДогIа деача, тхов тIера Iийдалучу ладаршна кIела пхьегIаш яхка езара. Вайн къам шайна тIе далош дуй хиънера меттигерчу нахана, «нах буу къам даладо кхуза» бохуш дийцина а хиллера. Вайн къам бIаьрга дан а ца дезара бухарчу къомана. Тхо дигначу юьртан цIе Кхара-Тоьбе яра.

ГIиргIизойн маттахь «Iаьржа-барз» бохург ду иза. Бакъ долуш, цигахь эвлайистехь бан а бара и «Iаьржа-барз», адамаш дIадухкуш кешнаш дара цу борза тIехь.

Дуьххьара цига дIавоьллира, тхоьца дIавеана волу тхан бежIу-суьйли Мохьмад. Иза, ша суьйли ву аьлла, буха ца соцуш, тхоьца махках ваьлла дIавеанера. Цигара, дукха ца Iаш, тхо кхечанхьа дигира.

Кхечанхьа хьегнарг а ма гойла-кх цхьана а бусалбана а!

САЙДЦЕЛИМОВ Мовла

Цоци-Эвлара вахархо 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: