О.Белавенцев вовзийтира регионийн куьйгалхошна

Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу керла векал Белавенцев Олег вовзийтарна леринчу цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. Керла куьйгалхо гулбеллачарна вовза а вовзуьйтуш, къамел дира Россин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал хилла волчу, хIинца Россин Къоман гвардин эскарийн Федеральни службин директоран хьалхара заместитель волчу Меликов Сергейс.

avav_d_850

Пятигорск шахьарахь дIадаьхьначу оцу мехалчу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара иштта Къилбаседа Кавказан федеральни округан субъектийн куьйгалхой, полпредан аппаратан белхахой, хIокху округерчу бакъонаш ларъяран структурийн векалш, кхиберш. Къилбаседа Кавказан федеральни округан керла куьйгалхо О.Белавенцев вовзуьйтуш, С.Меликовс тидам тIебахийтира иза хьекъале куьйгалхо а, дика вовшахтохархо а, шен мехкан бакъволу патриот а хиларна. Керлачу даржехь а цо ша тоьллачу агIор гойтург хиларх ша тешна хилар а, цуьнан балхахь, дахарехь бIаьрла кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар а хоуьйтуш, дерзийра цо шен къамел.

Цхьаьнакхетар чекхдаьллачул тIаьхьа Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIонехь билгалдаьккхира Меликов Сергейс округ кхиаран дика мах хадийна хилар.

«Тахана Пятигорскехь Россин Федерацин Къоман гвардин эскарийн Федеральни службин директоран хьалхарчу заместитела Меликов Сергейс регионийн куьйгалхошна вовзийтира Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу керла векал Белавенцев Олег. Цо билгалдаьккхира Олег Евгеньевич дахаран доккха зеделларг, Даймехкан дуьхьа даккхий хьуьнарш гайтина Россин Турпалхо хилар. ЧIогIа хазахета Сергей Алимовича Къилбаседа Кавказан, цуьнан социально-экономикин кхиаран, машар а, синтем а барехь баьхначу кхиамийн лаккхара мах хадийна хилар. Шен къамелехь цо тидам тIебахийтира, хьалха гIоьртина хьал ду бохуш юьйцуш хиллачу Нохчийчохь а, кхечу регионашкахь а тахана россихошна а, дозанал арахьара баьхкинчу хьешашна а чIогIа хазахеташ хиларна, оцу регионийн туризм а, агропром а, кхидолу дакъош а кхион яккхий таронаш хиларна», – яздина Кадыров Рамзана.

Цо О.Белавенцевга а, С.Меликовга а дIахаийтира жоьпаллин керлачу даржашкахь церан кхиамаш а, аьтто а хуьлийла шена лууш хилар.

Д.АНАДЕВ

№87, еара, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: