Бер дуьнен чу даьлча, иза къинойх цIена хуьлу, кIайн цIена кехат санна хуьлу цуьнан дог, ткъа оцу кехата тIе ден-ненан шайна луург яздан йиш ю. Дала массо а бусалба кхоьллина боху, амма цунах керста я бусалба веш дерг да-нана ду. Муьлххачу а ворхI шо кхачаза долчу беран дог-ойла лаьмнашкара охьадогIуш долчу шовданах тера цIена хуьлу. Шен дас-нанас чудиллинарг бен цунна ца хаьа. Цундела бер кхиорехь жоьпалле ду да-нана.
Зигмунд Фрейда (Австрера психолог, ваьхна 1856–1939-чуй шерашкахь) шен Iилманан белхаш тIехь дуьйцу, дуьххьара берана чудиллинарг цуьнан дахаран берриге а некъа тIехь дуьсу, бохуш. Адаман ойланан бух цунна жималлехь чудиллинарг ду, иза хьагI елахь а, яхь елахь а. Масала, тахана вай вайн бераш эшна ца хилийта, царна дуккха а совгIаташ до, дукха хьолахь вай ваьш царна кегий долуш вайна езнарг, амма вайна цахилларг оьцу. Ша жима йолуш шена езна хилла йолу книга оьцу нанас беранна, амма берана иза ца еза, хIунда аьлча, зама хийцаелла, хIинца жимчунна езарг, масала, телефон ю, мел жима делахь а. «Суна айпад эца» олу сан йишин кIанта, шена со моссазза го. Даима цуьнга сатосу цо, диъ шо бен дацахь а. Со жима йолчу хенахь суна даима ручка, тетрадь дезна, цундела ас цунна уьш оьцу, амма цо хама ца беш, этIайой, дIакхуссу и тайпа хIума. Хьалха беран дуьххьарлера дош «нана» дара, ткъа тахана «алло» ду.
Зигмунда Фрейда аьлла: «Цхьа хIума ду адам гуттар ирсе деш – иза ша жима волуш ша сатийсина хIума, воккхахилча, кхочушдар ду». Иза вуно нийса бина тидам бу. Мел ойла йича а, мел дуккха шен лаамаш кхочушбича а, ша жима волуш сатийсина хIума дича – са паргIат долу.
Доьзал кхиош кхетам бала беза, дика Iамо беза. Дукхах болчу дай-наношна шайн бераш меца ца хилчахьана, царна тIера бедар беркъа ца хилчахьана тоьа. Даима, хIора денна бан безаш хьехам бу, уьш нийсачу новкъа даха, царна дуьне даа атта хилийта. Кху дуьненахь вай йоккхушъерг кIезиг зама ю, цундела иза марзо оьцуш, нахаца гIиллакхе, оьзда, ларам болуш хилийтархьама бер Iамош яккха еза, хIунда аьлча, уггаре а коьртаниг ду нахаца дика хилар. Кху дуьненахь массо адам цхьалха ду, цунна оьшу адамаш а, гергарлонаш а. Зигмунда Фрейда аьлла кхин цхьа хIума а ду: «Вай кху дуьнен чу довлу цхьалха, иштта дIа а доьлху вай цхьалха».
«Ага эрна ца техкийна» олуш нохчийн кица ду. Цуьнан маьIна ду ден-ненан дика къонах я йоI кхиъна бохург. Амма кхин цхьаъ а ду – «Ага деса техкийна» олуш кица. Иза кIант я йоI дика а ца кхиъна бохург ду. Дала лардойла вай вайна муьтIахь боцу доьзал кхиарх!
ГАРЧАХАНОВА Хеда
№87, еара, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2016 шо