Гуьржийн халкъан артистка – Абашидзе Лейла

Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 70-чу шерашкахь СССР-н массо а маьIIехь евзаш яра киноактриса Абашидзе Лейла. Къаьсттина дукхаезара иза вайнахана. Иза ларамаза дацара. ГIалгIайн сийлахь воккхачу яздархочо Базоркин Идриса сценари язйина «Азербайджан-фильм» киностудехь режиссера Таги-Заде Тофика 1962-чу шарахь яьккхина «Я буду танцевать» цIе йолу исбаьхьаллин фильм гучуяьлча вайна евзира Абашидзе Лейла. Иза тоьара кхидIа йолчу ханна актрисин башха кхолларалла, даима семачу тидамехь латто. Дуьненахь а гIараваьлла вевзачу нохчийн хелхарчех, СССР-н халкъан артистах, Социалистически Къинхьегаман турпалхочух Эсамбаев Махьмудах яра «Я буду танцевать» цIе йолу фильм. Коьртачу ролехь ша Эсамбаев Махьмуд вара. Ткъа цуьнан тIехьийзачу йоьIан Дагмарин васт кхоьллинарг Абашидзе Лейла яра. Фильмехь дакъалоцуш кхин а бара похIме актераш. Масала, хIирийн актер Тхапсаев Владимир, хьовсархойн дегнашкара цкъа а шен сирла амат дIадер доцу Нохч-ГIалгIайн халкъан артист Дениев Iаьлви, иштта дуккха а кхиберш. Делахь а, хьовсархойн дегнаш кхидIа йисинчу ерриге а ханна йийсаре лаьцнарг Абашидзе Лейлин хазалла, къегина похIма, лаккхарчу тIегIанехь йолу актрисин корматалла яра.

Шовкъехь кхоьллинчу нохчийн йоьIан сирлачу вастах хьовсархой тешо ницкъкхечира Лейлин, иштта цуьнгахь говзалла тоьара хьовсархойн дегнашкахь еххачу ханна дуьсурдолу оьзда амат гайта. Цул тIаьхьа кхин а дуккха а фильмашкахь гина вайна Абашидзе Лейла. Делахь а, вайна иза хьоме ю халкъан дозалла, яхь, юьхь хилла шен оьздачу дахарехула чекхваьллачу Эсамбаев Махьмудна дукхаезначу йоьIан васт цо кхолларна, нохчийн йоьIан эхь-бехк, ховха синхаамаш гайта цуьнан ницкъкхачарна.

292401

Дагмарин роль дуьххьара яцара Абашидзе Лейлин шатайпанчу башхаллица лепачу кхоллараллехь. 1929-чу шеран август беттан хьалхарчу дийнахь Тбилисехь дуьнен чу яьлла йоI, школехь йолуш дуьйна а, цхьаццайолчу гуьржийн фильмашкахь дакъалоцуш яра. Иза данне дац Лейлин да-нана искусствехь болх беш хиларна нисбелла аьтто иза бу бохург. 1937-чу шарахь сталинизман доза доцучу къизалло, кхидолу дуккха а бехкбоцу адамаш санна, хIаллакдинера Лейлин да-нана. Иза дейишас кхиийна яра. Шегахь йолчу таронца даа-мала латтош, тIеюха-когаюха нисъеш. Хьолана юкъаелла яцахь а, диканан дакъа шена кIезиг гинехь а, дейишина Iаламат дукхаезаш хиллачух тера ду вешин йоI.

1941-чу шарахь «Грузия-фильм» киностудис «Каджана» фильм йоккхуш кхайкхийнчу конкурсе ялайо Лейла дейишас. Дукха бераш дара цига гулделла. Амма массарна юккъера режиссера Пипинашвили Константина Лейла къастийра, цунах коьрта роль тешон йолчу Iалашонца. ТIехь долчу духарна кхечу берел беркъа елахь а, эгIазчу йоIехь похIма тосаделлачух тера дара режиссерана. Дахаро гайтира иза галваьлла цахилар. Цул тIаьхьа а режиссера Пипинашвили Константина яьккхинчу кхин кхаа фильмехь дакъалоцу Л.Абашидзес. Цундела тамашийна ца хета кхиамца юккъера школа чекхъяьккхина йоI, Тбилисерчу театран говзанчаш Iамочу институте деша яхар.

Бакъду, институтан хьалхара курс чекхъяьккхина яларца Руставели Шотан цIарахчу драматически театре балха дIакхойкху иза. Гуьржийн къоман драматически театран сцени тIехь кхиамца болх беш 1951-чу шарахь йолу Абашидзе Лейла институт чекхйоккхий. Театрехь бинчу балхах тоам ца беш, иза хаддаза гуьржийн киностудехь йохучу фильмашкахь дакъалоцуш яра. «Кето и Коте», «Стрекоза», «Они спустились с гор», «Наш двор», «Заноза», иштта дуккха кхин а ю цо оцу муьрехь дакъалаьцна фильмаш. Царна юкъахь къаьсттина вайна хазахеташ масех фильм ю. Уггаре а хьалха царах ю режиссера Чхеидзе Резос яьккхина «Майя из Цхнети» трагикомеди, коьртачу ролехь Абашидзе а йолуш.

Шен халкъан маршонехьа болчу къийсамна хьалхаяьлла турпала йоI ю Абашидзес васт кхоьллина Майя. Нуьцкъалчу амалан цхьадолу басарш Жанна д`Арк хьовсархойн иэсехь карлайоккхуш а ду актрисас кхоьллинчу оцу чолхечу вастан. Делахь а, Лейлин турпалхочо Iамаво Даймохк беза, накъосташна тешаме хила, диканах дог ца дилла. Баккхийчарна дагайогIу аьлла хета, коьртачу ролехь Абашидзе Лейла йолуш, дукхах йолчу советийн экранашкахула чекхъяьлла «Закон гор» цIе йолу исбаьхьаллин фильм. Казбеги Александран изза цIе йолчу повеста тIехь, режиссера Санишвили Николоза яьккхина яра и историн драма. Юха а лаьмнех схьаIийдало шовда санна цIена безам, нуьцкъала амалш, турпалхойн синъондалла ю фильмехь хьалхаяьккхина. Казбеги Александран дукхахйолчу говзарша санна, «Закон гор» фильмо а кхойкху дайн оьздачу гIиллакхел, дайн цIийца, хьацарца хьандинчу латтанал, доккхачу дуьненахь мехала хIума цахиларх кхетаре.

Дуьххьара Абашидзе Лейлех бIаьргкхетча зIийдиг тесна ойла исбаьхьаллин тIеIаткъамца чIагIйо «Закон гор» фильмо, тешаво актриса бакъйолу кавказхо хиларх, Кавказан шира гIиллакхаш цунна дика девзаш хиларх. Кхин цхьа фильм ю Абашидзе Лейлас кхиамца дакъалаьцна, хьовсархойн дегнашкахь сирла лар юьтуш чекхъяьлла. Иза гуьржийн яздархочо Гамсахурдия Константина язйинчу «Десница великого мастера» романа тIехь режиссераша Таблиашвили Вахтанга, Абашидзе Девис яьккхина изза цIе йолу фильм ю. 11- чу бIешарахь гуьржийн паччахь Георгий Хьалхарниг волуш хилла гIуллакхаш ду фильмехь карладаьхнарш. Паччахьо шен махкахь тоьлла ларалучу архитекторна Арсакидзе Константинна тIедуьллу килс яр. Амма хьанал-хьарам къасто кийча вац паччахь. Ткъа художник, килс ярехь муххале а, Делах ийзало хьоладайн сутаралло кхоьллина шалхонаш, моттаргIанаш тIелаца. Хьовсархой ойлане баха ницкъболуш фильм яра «Десница великого мастера». Абашидзе Лейлас дакъалаьцна массо фильм санна, тахана а цуьнга хьажар вайн заманхошна пайдехь хир дара аьлла хета…

Ткъе итт сов фильм ю Лейлас дакъалаьцна, Iаламат говза коьртачу турпалхойн васташ кхоьллина. Царах дукхахъерш СССР-н культурин махбоцу беркат хилла дIахIиттина. Актриса тоам бина яцара фильмашкахь ша дакъалацарх.

589183

ТIаьхьо сценареш язъян а йолаелира иза. Гуьржийчохь масех фильм ю цуьнан сценари тIехь яьккхина. Иштта-м Абашидзе Лейлас режиссурехь а зийна шен ницкъаш. 1981-чу шарахь ша язйинчу сценари тIехь, режиссер Челидзе декъа озийна, исбаьхьаллин фильм яьккхира цо «Грузия-фильм» киностудехь. Фильман цIе «Тифлис-Париж и обратно» ю. Коьртачу ролехь мадам Шервашидзен васт кхуллуш Абашидзе Лейла ю. Хьовсархойн чIогIа самукъадаьккхина комеди яра иза, алссам мукъамаш, хелхарш, забарш йолуш. Дукхах йолу эшарш дIалокхуш ша Лейла яра. Актрисин тайна аз, лакхарчу тIегIанехь пластика ю. Актрисин корматаллин таронаш серлайохура комедехь цо лекхначу эшарша, динчу шовкъечу хелхарша. Хелха Абашидзе Лейла мел хаза йолу вайна 1962-чу шарахь «Я буду танцевать» исбаьхьаллин фильм юкъаяьлчахьана хууш дара. Дукхаезачу актрисин сирлачу кхоллараллин лаккхара мах хадош елира цунна 1964-чу шарахь «Нохч-ГIалгIайн халкъан артистка» Сийлахь цIе. И совгIат Iаламат беркате хиллера.

Цул тIаьхьа шо даьлча «Гуьржийн халкъан артистка» хилира актриса. Режиссера Долидзе Сикос яьккхинчу «Встреча с прошлым» фильмехь Абашидзе Лейлас кхоьллина коьртачу турпалхочун Нинон васт, 1968-чу шарахь хиллачу ерригсоюзни кинофестивалехь актерийн тоьлла болх а лерина, мехала совгIат дира актрисина. 1971-чу шарахь Карловы Вары цIе йолчу меттехь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу кинофестивалехь режиссераша Манагадзе Нодара а, Манагадзе Шотас яьккхинчу «Ожидание» фильмехь дакъалацарна мехала совгIат дира актрисина. Абашидзе Лейлин хьуьнар а, похIма а, хьанал къинхьегам а тидаме эцна, 1972-чу шарахь цунна «Къинхьегаман ЦIечу Байракхан» орден елира. Бакъду, муьлхха а совгIат делча сов хир доцуш халкъана, махкана дукхаезаш ю тахана 87 шаре йирзина Тбилисехь ехаш-Iаш йолу Абашидзе Лейла.

А.ГАЗИЕВА

№87, еара, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: