Шозза олимпийски чемпион волчу Плющенко Евгенийс ша тIехь гойтучу шен рогIерчу номерехь нохчийн хелхар дийр ду.

Иштта хаам бо Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пресс-секретара Керимов Iальвис инстаграмерчу шен агIонехь.
Е.Плющенкон I.Каримовн цхьаьнакхетар хилла Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат-Аренехь», «Терек» «Крылья Советов» командашна юкъахь дIаяьхьначу матче хьовсучу хенахь.
Фигуриста дийцарехь, цунна вайнехан хелхарш хазахета, иза шен программи июкъа дало лууш волу дикка хан ю, делахь а оцу хелхаран болар а, куьйгаш лелоран говзалла а кхоччуш кара ца йоьрзуш, «хIайт» аьлла иза кхочушдан дезаш хиларна юхавуьйлуш Iийна иза.
Ткъа I.Керимовца шен хиллачу къамелехь цо довзийтира тIаьххьара ша Нохчийчу веача нохчийн хелхар баккъал а (телевизор чухула а доцуш) шен гиначул тIаьхьа, и тайпа хелхар ша тIехь шен хьовсархошна гайта сатесна хилар.
– Нохчийн хелхар Iаламат хаза а ду, хала а ду. Ша тIехь гайта кхин а хала хир ду иза. Делахь а, сайга и далур ду аьлла тешна ву со. Со юха Нохчийчу веача, кхузарчу бахархошна ша тIехь и гайта лаам бу сан, – элира Е.Плющенкос.
Иштта, оцу номера тIехь ша къахьоьгучу хенахь Нохчийчуьрчу хореографашца цхьаьна болх бан лерина хилар а хаийтира Е.Плющенкос.
Дагадоуьйту, Е.Плющенко 2014-чу шарахь ша тIехь хахкалучу хенахь букъсурт а кагдина, цул тIаьхьа дуккха а операцеш лайна хилар. Ткъа, хIокху шеран май баттахь дуьйна юха а Россин вовшахтоьхначу командина юкъавахийтина иза.
Хь.БАХТАЕВА
№87, еара, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2016 шо