А-Хь.Кадыровн цIарахчу орденан кавалер, Нохчийн Республикин пачхьалкхан хелхарийн «Вайнах» ансамбль Испанин пачхьене Мадрид гIала яха новкъаяьлла.

«Вайнах» новкъа яккха веанера Нохчийн Республикин культурин министран хьалхара заместитель Милькиев Рустам. Цо элира: «Европин сцени тIехь аш гойтур ю нохчийн халкъан культура. Доккха зеделларг долуш а, лаккхара корматалла йолуш а ду шу. Массо хенахь а санна хьакъ доллучу кепара шаьш дикачу агIор а гайтина, лаьа шун толам хуьлийла».
Ансамбло дакъалоцур ду Испанехь а, Португалехь а дIахьур йолчу дуьненаюкъарчу фольклорни фестивалашкахь.
«Вайнах» ансамбло нохчийн халкъан искусство гойтур ю Боливин, Чилин, ЮАР-н, Филиппинийн, Аргентинан, Колумбин, Сербин, Испанин, Португалин, иштта кхийолчу пачхьалкхийн коллективашца цхьаьна сцени тIехь.
Л.ДАУТОВА
№87, еара, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2016 шо