«Ведучи» юкъараллина дIаделла Нохчийн Республикин Итум-Кхаьллан районехь «Ведучи» аьлла къаьсттина йолчу экономически зонин резидентан статус компанина ялар чIагIдеш йолу сертификат (доггIучуьра, иза кхоьллина 2010-чу шарахь, шена коьртехь бизнесмен Байсаров Руслан а волуш).
Цигахь Къилбаседа Кавказан туристийн кластеран проектан дозанашкахь йийр ю шеран берриге а муьрийн туристийн-рекреационни комплекс (ВТРК). Иза дIаделира хинйолчу курортан майданахь дукха хан йоццуш ВТРК-на презентаци яр дIахьочу хенахь.
«Ведучи» юкъараллин директорийн кхеташонан председатела Байсаров Руслане сертификат дIалуш «Къилбаседа Кавказан курорташ», аьлла йолчу цхьаьнакхетараллин генеральни директора Верещагин Сергейс шен къамелехь билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь йолу хенан берриге а муьрийн курорт Къилбаседа Кавказан туристийн кластеран хьалхарчу рогIан проектех цхьаъ хилар. «Иза кхиор хьалхадаккхарна гIо деш дийнна цхьамогIа х1уманаш ду курортехь цхьаьнайогIуш. Цкъа-делахь, туристаша шайна тIе тидам бохуьйту болчу культурин-историн, Iаламан хIолламаш – шира бIаьвнаш, гIепаш, вайнехан ширачу архитектурин хIолламаш болуш йолчу Хьачарой-Аьхка хийистехь еш хилар. ШолгIа-делахь, Нохчийн Республикин куьйгалло а, Кадыров Рамзана ша а оцу проектан гIолацар бахьанехь Iаламат бегIийла хьелаш кхуллу республикехь туризм кхиорна. КхоалгIа, «Ведучи» юкъаралло беш болу жигара болх, билгалйина хилла туристийн инфраструктурин объекташ буьззинчу барамехь а, билгалйинчу хенашкахь а яр дуьззина чекхдаккха таро хуьлуьйту йолу 3,6 миллиард соьман барамехь долу шен ахча проектана юкъадилла а, оцу Iалашонна цхьадолу ахча юхалург даккха а иза кийча хилар, – хаамбира «КСК» ОАО-н куьйгалхочо.
Юкъараллин директорийн кхеташонан председатела Байсаров Руслана дийцарехь, компанина къаьсттинчу экономически зонин статус яларо тоьшалла до Нохчийн Республикехь туризман дакъа кхиорехь пачхьалкх бизнесца цхьаьнагIуллакхаш дан кийча хиларна. «Со даггара тоам хилла ву тхан компанина резидентан иштта статус яларна, – билгалдаьккхира цо. – ХIинца тхан таро хир ю керлачу хьелашкахь тхешан проект кхин а сихачу боларшца кхио. Кху шарахь дIаболор бу оха гIишлошъяран белхаш, тIейогIучу хенахь и боларш тIеттIа лакхадахаре а кхочур ду. Баркалла ала лаьа тхан проектан иштта хьакъ боллу мах хадорна Россин Федерацин Правительствона а, ша аьлча, экономика кхиоран министерствона а, «Къилбаседа Кавказан курорташ» цхьаьнакхетараллин куьйгаллина а. Тешна ву «Къилбаседа Кавказан курорташ», «Ведучи» компанийн а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а цхьаьнатоьхначу ницкъашца хьакъ йоллу курорт кхолла вайн ницкъ кхочург хиларх а, иза дарца цуьнан керла, кхузаманахьлера, даима а хьаша тIеэца кийча хиларан сибат дIа а гойтуш, республике богIу болчу хьешийн барам дикка алсамбаккха аьтто хирг хиларх а».
Презентаци дIахьочу хенахь хинйолчу курортан объекташ дIасанисъяран проект а гайтира. «Къилбаседа Кавказан курорташ» цхьаьнакхетараллин инжиниринган, инфраструктура кхиоран департаментан директора Зверева Натальяс дийцарехь, хIара шо чекхдолуш дIаболор бу курортехь гIишлошъяран белхаш. Оцу ханна тIекхочуш «КСК» цхьаьнакхетаралло чIагIйийр ю объекташ дIасанисъяран проект, лыжаш хахкаран а, туризман а инфраструктурин цхьамогIа объекташна оьшуш долу проектни документаци а кечдийр ду.
Курорто шена чулоцур ду III8 гектар латта. ТIейогIучу хенахь проект кхочушъярна къастон долчу лаьттан барам 1500 гектаре дIакхача а тарло. туристийн юрт 1575 метр локхаллехь хир ю, ткъа лыжаш хахкаран меттиг – 2980 метр локхаллехь. Проектаца билгалдеш ду, шайн юкъара йохалла 32 километр а йолуш, 19 некъ биллар шайн чолхе хиларца «баьццарчунна» тIера «Iаьржачунна» тIекхаччалц, машшийн бархI некъ, бэби-лифт – бераш Iаморан подъемник шена юкъа а йогIуш, 500 меттигна лерина йолу хьешацIийнан комплекс, шален поселок, сервисан хьашташ кхочушдаран центр, кафеш, ресторанаш. Ерриге а нуьцкъаллица гIуллакх дан йолаелча курортан таро хир ю дийнахь 4,8 эзар стаг тIеэца.
Хинйолчу курортан башхаллех лаьцна дуьйцуш, Зверева Натальяс тидам тIебахийтира цигахь Нохчийн Республикин уггаре а лекха лаьмнаш хиларна – МIайстойн-лам (4082м), Доной-лам (4174м), Кхуметта-лам (4262м), Дукълуо-лам (4285м), Туьалой-лам (4493м). ХIора меттиган проектаца нийса а догIуш, хIора ломан лахенца отель хир ю, лыжаш хохкуш йолу меттиг лекха мел хили а отелан категори а хир ю цуьнга хьаьжжина лакхара.
Оха хьалхахIоттор ю 1500 а, 2000 а метраш локхаллашкахь лыжаш хохкуш йолу ши меттиг цхьаьнатоха таро хуьлуьйту йолу проект. Иза машшийн некъан цхьааллин комплекс хир ю, кхидIа а дуьйцура Н.Зверевас. И тайпа проекташ яц Европехь а. Ша аьлча, б1ог1амийн локхалла 100 метре кхочуш хир ю. Машшийн некъаш туристаш цхьана лома тIера вукху лома тIе кхачоран транспортан гIирс хилла ца Iаш, шатайпана аттракцион а хир ю, Iаламе бIаьрг тоха, дуьххьалдIа садаIа баьхкинчеран хьашташ кхочушдан аьтто а болуш.
Шеран берриге а муьрийн туристийн-рекреационни комплексан (ВТРК) инфраструктуран объекташ ярна «Къилбаседа-Кавказан курорташ» цхьаьнакхетараллехула ялх миллиард соьман барамехь ахча къастор ду. Оццу хенахь, Нохчийн Республико шена тIелаьцначу тIелацамашца нийса а догIуш, арахьарчу ифраструктурин объекташ яр а дIахьур ду. 2015-гIа шо чекхдалале машенийн некъ тобар а, электроэнергица, газаца кхачояр а чекхдаккха билгалдина. Ткъа курортан хьалхара рагI гIуллакхана юкъаяло билгалдина лыжаш хахкаран 2015–2016-чуй шерийн мур дIаболорна тIекхочуш.
Л.КАРНАЕВ
(Пайдаэцна «КСК» ОАО-н
пресс-службин хаамех)