«Дуьненан уггаре а исбаьхьачу, бецан тхи санна цIена шовданаш а, берийн бIаьрхи санна цIена хIаваъ а долчу, буьйсанна а хьозарчийн мукъамаш ца совцучу Гуьмсан кIоштарчу Джалкхехь ехаш ю со. ХIара дуьненан ялсамани цхьана а меттигца хуьйцур яцара ас», – бохура Джамалаева (Мадаева) Амината.
Гуьмсехь биъ некъ къаьстачохь, йоккхачу гIовгIанна юкъахь Iийна йолу иза цецъюьйлура дахаран некъаша Джалкха юьрта ялийна, яха хиъча, цигара Iаламан исбаьхьалла гича.
А.Джамалаевас къинхьегаман некъ дIаболийна Гуьмсерчу №5 йолчу юккъерчу школехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархочун болх беш. Шена денанас Iамийна вайнехан гIиллакхаш а, Iадаташ а марздеш кхиийна цо шен дешархой, иштта – Даймехкан дуьхьа къахьега а, баккхийчаьрца ларам хила а, кегийчеран Iуналла дан а. ХIинца а церан кхиамех йоккхаеш а, царех доглозуш а еха иза. Цо дийцарехь, царах дукхах берш дешарехь а, балхахь а хьанал шайн декхарш кхочушдеш бу.
Цхьана ханна хьехархочун болх бинчул тIаьхьа Гуьмсан муниципальни кIоштан дешаран урхаллехь коьртачу говзанчин болх тIелецира А.Джамалаевас. Ткъе шолгIа шо доладелла цо цигахь къахьоьгу. Оцу хеначохь тIекхуьучу тIаьхьенна пайдехь гIуллакхаш дуккха а дина цо. Масала, къоначеран сагатдечу «Деша мича ваха веза?» бохучу хаттарна жоп луш ю, хьехархошна, дешархошна, дай-наношна лерина, 2005-чу шарахь оьрсийн маттахь цо арахецна «Твоя профессиональная карьера» методикин пособи. Цу декъехь (хоржучу говзаллех лаьцна) психологически тренингаш а йо, хьехарш а до. Дуккха а дешархошна царах пайда а болу.
Адамийн дахар Пайхамаран (I.с.в.с.) тIедахкарш кхочуш а деш, динца бен хила йиш яц аьлла хета А.Джамалаевана. Нахана пайдехь а йолуш, дуьнен чохь хан яккхар ирс хета цунна.
«Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла боху, – дуьйцура Амината, – «Дийнахь кхаа адамо хьуна даггара «Дела реза хуьлда» аьлча, маликаша, вовшийн кхаьънаш а дохуш, шайн тIемаш тIехь, хьажал Хьан лайно, Хьо реза а веш, даьккхина де бохуш, АллахIана тIе дIахьо боху и де. Дала дезачу вайна иштта денош алсам мел хили а дика ду. ХIокху тIаьхьарчу хенахь хIора суьйранна цIа яхча, дийнахь айса диначу гIуллакхийн мах хадабо ас. Маса адамна гIо-накъосталла дина, дог айъина «Дела реза хуьлда хьуна» алийтина хьожуш. Нагахь санна уьш иттаннал сов белахь, де эрна ца даьлла хета суна. Амма суо цу тIе ца кхаьчнехь, цуьнга эццехь иза ала дезаш хиллера, хIокхунна а гIо дан дезаш хиллера, делкъе ян ца йоьдуш я белхан хан дIаяьлча, жимма тIаьхьа а сецна, иза чекхдаьккхинехь иттанга кхочур ма яра олий, суо-сайна реза ца хуьлу. ТIейогIучу хенахь и барам совбаккха а хьожу. Иштта, йоьд-йоьдуш цхьана «бIаьвне» йоьду».
Адамашкахь А.Джамалаевана уггаре а товш дерг ду вовшийн дезаш, говза, комаьрша, бертахь хилар, къинтIера вала хаар. «Диканиг дан сихло!» бохучу кхайкхамца еха иза.
«Сан пхи-ялх шо долчу хенахь Владимирски академи чекхъяьккхина ненавешин кIант нана ган а, Соьлжа-ГIалахь ша балха хIуттуш хилар хаийта а веанера, – кхидIа а дуьйцура Амината. – ХIетахь цо цунна дина хьехар хIинца а диц ца делла суна. «Деца лойла хьан, Хьусайн, цхьа хIума эр дара ас хьоьга, дика ладогIалахь, – элира тхан нанас. – Болх массо хенахь а ца хуьлу хьуна, иза ца балуш а, дIавалар а, дIаваккхар а нисло. Адамашца дика хьо хиллехь, новкъахь вогIуш-воьдуш, геннара мохь беттар бу хьоьга, «Хьусайн, хьо вогIуш ву» бохуш. Нагахь санна хьо нахаца вуон хиллехь, наха букъбеттар бу. Нехан гIуллакх а деш, хьуо царна везийта хьажалахь. Ахь дина дика гIуллакх цкъа а довр дац хьуна, дIадиллича санна карор ду хьуна»…
А.Джамалаева кIоштарчу дешархошна юкъахь дIахьочу конкурсашкахь, фестивалашкахь жюрин декъашхо хуьлу. ХIинца масех проект ю цо вовшахъетташ. Масала, «Ас ЕГЭ дIалур ю», «Сан хир йолу говзалла». «Массарел хьекъале», «Виъ знаток», «Къона эрудит», «ПохIме бераш», оцу юкъахь бу школийн, кIоштан, республикин конкурсийн дакъалацархой. Гуьмсан кIоштарчу школашкахь дешархой кхетош-кхиош бечу балхана тIехь терго латтош а, кхитIе а долчу дешаран учрежденеша беш болу болх, вовшийн дага а бовлуш байтарна а, дешаран, культурин учрежденийн юкъара (единая) зIен система кхолларан а керла кепаш юкъаялош а ю.
Дика говзанча хилла ца Iаш, А.Джамалаева дика хIусамнана а ю. Цуьнан юьйш-ерзош йоккха керт ю, стоьмийн беш а, даьхни а ду. Цундела ДжамалаевгIеран стоьла тIехь йолу дукхах йолу юург «экологически» цIена ю.
«Зудчун ирс иза боккхачу доьзалехь го суна, – бохура А.Джамалаевас, – цундела суо ирсе хета суна. АллахIа (7 бер, 12 берийн бер) ийманехь доьзал белла суна. Школа чекхъяьккхинчу массара лаккхара дешар дешна. Царна юкъахь ву Iилманийн кандидат. Школехь доьшуш долу жимах долу ши бер лоьрийн говзалла караерзо лууш ду. ТIаккха доьзалехь юристаш, хьехархой, гIишлошъярхой, экономисташ, лоьраш хир бу, Дала мукъ лахь».
Л.ИБРАГИМОВА
№87, еара, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2016 шо