А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекехь коррупцина дуьхьал къийсам латторан темина лерина «Коррупцина – тIом» аьлла плакатийн конкурс хилира. Цигахь дакъалецира школашкарчу лаккхарчу классийн дешархоша а, студенташа а, иштта библиотекин жигарчу ешархоша а. Верриге а 18 дакъалацархо вара конкурсехь. Коррупцино деш долу зен-зулам гайтинера кегийрхоша шаьш ехкинчу плакаташ тIехь.
Коррупционераш беламе гойтура плакатийн авторша. Закон лар ца деш, зулам дийриг юкъараллина а, пачхьалкхана а доккха зен деш хилар гойтуш, маьIне дара плакаташ тIехь дехкина суьрташ.
Конкурсан коьрта Iалашо яра кегийрхойн кхоллараллин хьуьнар гучудаккхар, царна граждански позици къастор, коррупцига цабезам кхоллар, кегийрхошлахь бакъонаш ларъяран культура кхиор.
Ешархойн залан юкъарчу отделан белхахоша «Коррупция: понятия, признаки, квалификация преступления» аьлла книгийн гайтам вовшахтоьхнера. Книгаш, журналаш яра гайтаме ехкина.
Конкурсан белхашна жамIаш дина, тоьлла белхаш схьакъастийча, хиира толамхой муьлш бу. Хьалхара меттиг Грозненски кIоштарчу Iалхан-ГIаларчу №3 йолчу школин дешархочо Тагирова Маликас яьккхира. ШолгIачу меттехь Умаров Адам а, кхоалгIачу меттехь Джаватханова Фариза а яра.
Къоман библиотекин директора Исраилова Сацитас декъалбира конкурсан дакъалацархой цара бинчу белхашца а, толамашца а.
«Коррупци – иза пачхьалкхан дуьхьал деш зулам ду. Вайна гуонахарчу наха законаш талхош мел ду кхерамехь ду вай. ХIара санна йолчу конкурсашкахь вайн кегийрхойн аьтто бу коррупцига, харцонашка болу шайн хьежам дIагайта», – элира С.Исраиловас.
Толамхошна дипломаш, совгIаташ луш ерзийра конкурс.
З.ХИЗИРОВА
№87, еара, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2016 шо