Берийн бIаьргаш чохь самукъане суй богу

1-чу августехь Соьлжа-ГIалахь Кегийрхойн цIийнехь буоберашна а, да я нана доцучу берашна а лерина концерт хилира. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос «БисмиллахI» фондаца а, тойнаш вовшахтухучу «Созвездие» агенствоца а цхьаьна.

IMG_0263

Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан солисташа музыкальни программа кечйинера берашна. Концерт вовшахтоьхначара дийцарехь, и гIуллакх даран Iалашо яра дахаран чолхечу хьелашкахь дохкучу берийн дог эцар а, церан терго ян лаар а. «Терго, безам, дог-дикалла, къинхетам муьлххачу а берана оьшу, ткъа буоберана – мухалле а. Да-нана цахиларх, хIора бер цхьана юкъараллехь дехаш ду. Цунна гуонахарчу нехан декхар ду цуьнан гIуллакхе хьажар. Бер дог-цIена ду, шена дина дика диц ца луш, баркалла ала хууш. Тахана тхо долчохь царна кечйина концерт цхьаволчунна доккха хIума ца хета а тарло, амма и гIийла бераш, цхьана юкъанна дина а, ирсе до ишттачу миноташа. Берийн бIаьргаш хазахетаро къагош гуш хилча, оха дийриг эрна ца дайни хаьа тхуна», – элира лакхахь хьахийначу министерствон доьзалан политикин а, бералла социальни Iалашъяран а отделан хьаькама Насугаева Iайшата.

ХИЗИРОВА ЗАЙНАП

№87, еара, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: