Тхан урамера библиотека

ХIинцачул пхи шо хьалха дуьххьара гира суна тхан урамехь яздина: «ЦБС-н филиал, №8 йолу библиотека» у. Суна даима а дезна библиотекаш чохь Iер. Иза сан урамехь хиларх самукъадаьлла, чуяхара со. Со гушшехь, чIогIа мерза тIеийцира. Цу хенахь цу чохь болх беш яра Сима. Цо со тIеэцар, дика дагахь лаьтта суна. «Дукха хан яц со кхуза Iен схьаеана, дIаязъяла мегар дарий?», – хаьттира ас. ДIаязйина ца Iаш, Симас суна дийнна библиотека схьагайтира, шаьш беш болу болх а бовзийтира. Иштта, воккханиг чувеача, книгаш йовзуьйтуш, болх беш хиллера цара, доттагIалла дIа а тосуш. Со дIа а язйина, книга елира, со тешаме а хетта. Иштта евзира суна библиотека. ХIинца яц цигахь болх беш Сима.

Цу хенахь дуьйна сан сагатделча, еша книга эшча я цхьа хIума хатта дезча цига йоьду со. Даима езаш тIеоьцу цара. Берийн беш санна кечйина меттиг а ю цу чохь. Бераш кхузахь книга ешна ца Iаш, жIаккех ловзуш Iа, шайна лиъча сурт дилла йиш а ю. Нагахь санна дIалато езаш книга елахь, иза тоеш а гIо до бераша. Денна хийцамаш хуьлу кху чохь.

2009-чу шарахь дуьйна кхузахь коьртачу библиотекаран болх беш ю Дачаева Айзан; 2009-чу шарахь дуьйна библиотекин заведующин болх беш ю Закриева Хьава. Иштта хьанал шайн болх беш ю Умаева Малика, Дудаева Ану. Дукха хьолахь цара берашца бо болх. Уллохь йолу №42-чуй а, №60-чуй школашкара бераш а, берийн наной а кхойкху библиотекехь еш йолчу мероприятешка. Бераша кечамаш бо: стихаш йоьшу, эшарш лоькху, хелхарш до. Шаьш ешна йолчу книгаш тIехь цара кегий сценкаш хIиттайо. Даима а бан безаш хуьлу библиотекин белхахойн берашца кхетош-кхиоран болх, нохчийн гIиллакх, гIуллакх Iамош, вовшашца муха хила деза дуьйцуш.

ХIара карахь дерг нохчийн академикан Захаров Петран шо ду аьлла дIакхайкхийна. Цундела, хIокху баттахь, бераш а кхайкхина, йоккха мероприяти ян дагахь бу библиотекин белхахой, царна П.Захаров вийца а, вовзийта а.

ГАРЧАХАНОВА Хеда

№88, шот, хьаьттан (август) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: