Автомобилийн некъийн министерство жигара болх беш ю

Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерство уггаре а жигара къахьоьгучарах цхьаъ а хилла схьайогIуш ю. Цигахь болх беш бу лаккхара корматалла а, алссам хаарш а, белхан зеделларг а долу белхахой. Министерство автомобилийн некъийн департаментан метта кхоьллина «Нохчийн Республикин Iедалан кхочушдаран органанийн структурина реорганизаци яран хьокъехь» 2008-чу шеран 19-чу январехьлерчу №14 йолчу Нохчийн Республикин Президентан Указаца. Министерство Нохчийн Республикин кхочушдаран Iедалан орган ю. Цо Iуналла до республикерчу юкъара пайдаоьцуш долчу некъашна а, оцу некъашна тIерачу гIишлошна а, тIайшна а. Таханлерчу дийнахь Россин пачхьалкхехь уггаре а тоьлла некъаш Нохчийн Республикехь хиларан бахьана ду министерствон белхахоша Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедахкарш кхочуш а деш, жигара болх беш хилар.

f4ab3e08c969

Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министран заместителе Темирсултанов Iаббазе дийхира дIадаханчу 2015-чу шарахь министерствос бинчу балхах лаьцна дийцар.

– Iаббаз, некъан инфраструктура вайн республикин дахарехь йоккха меттиг дIалоцуш ю. ДIадаханчу шарахь а, хIокху шарахь а тодинчу а, дехкинчу а некъех а, тIайх а лаций дийцахьа.

– 2015-чу шарахь керла некъаш дохкуш, реконструкци еш, тодеш боккха болх бина министерствос. Некъашдахкархоша тайп-тайпанчу дакъошкахь къахьегна. СогIунтIа–Хошкалда автомобилийн некъ чекхбаьлла. Оцу некъо бахархошна гIодийр ду сихха Нажи-Юьртан кIоштан ярташка а, Ташу-Хьаьжин зерате а кхача. Цул сов, и некъ ялх юьртана юххехула тIехболуш бу. Уьш ю: Ишхой-Юрт а, Мескита а, СогIунтIа а, Бетти-Мохка а, Замай-Юрт а, СоврагIи а. Цо таро лур ю оцу яртийн урамашкахула машенаш лелар лахдан а, уьш мелла а кхерамаза хилийта а. Иштта, республикин массо а маьIIехь бохург санна, доцучохь кхузаманан лаккхара дикалла йолу тIайш а дина.

– Вайн некъашдахкархой, коьртачу декъана, некъашна реконструкци ярна а, уьш тодарна а тIехьажийна бу. Оцу декъехь дерг довзийтахьа.

– Некъашна реконструкци ярна а, уьш тодарна а, тхайн плане хьаьжна а доцуш, кийча хила дезаш ду тхо. ДIадаханчу шарахь оха реконструкци йира 5 километр йохалла йолчу НогIа-Мирзи-Юрт–Лаха-Невре–Аьхкинчу-Борзе автомобилийн некъана. Некъашдахкархой хьовсуш а, цара тобеш а боллушехь, некъан боламан лехамашна жоп луш бацара и некъ. Некъаца дуккха а ярташ хилар бахьанехь, машенаш дукха хуьлу цигахь. Иштта реконструкци йира 4 километр йохалла йолчу Эна-Хишка–Соьлжа-ГIала некъана. Соьлжан а, ТIехьа-Мартан а, Грозненски а кIошташкара ярташ Соьлжа-ГIалица цхьаьнаюзуш болу некъ бу иза. Оцу некъо «Кавказ» М-29 автомобилийн некъ мелла а паргIат а баьккхира, оцу ярташка вахар-вар дика а, кхерамаза а дира. Иштта белхаш бина 20 километр йохалла йолу «Ищерская–Шелковская» некъ тобеш а. Дагестанан дозанна уллохь а болуш, Ставропольски край, Нохчийн Республика а, Дагестанан Республика а вовшаххуттуш болу маьIне некъ бу иза. Тобина Хьалха-Мартан кIоштарчу Шалажи юьрта боьдуш болу некъ а. Иштта, къаьсттина хьахо богIу Къоьзан Iома тIебоьдуш болу, бахархошна а, туристашна а чIогIа маьIне болу, автомобилийн некъ. Некъаш тодаран 10 декъехула бина берриге а белхаш. ДIадаханчу масех шарахь республикехь дина 48 гергга керла тIай а.

– Дукха хан йоццуш йина яла езачу «Ведучи» ламанан-лыжийн курортана тIе некъ билларан хьал муха ду?

– Соьлжа-ГIала–Шуьйта–Итон-Кхаьлла автомобилийн некъ 2013-чу шарахь реконструкцехь бара. ХIинца и некъ бина баьлла. Делахь а, «Ведучи» курортана некъ тIебига кхин а дуккха а белхаш бан беза.

– ХIокху шарахь хIун болх бина министерствос некъаш тIехь?

– 2016-чу шарна хIоттийначу министерствон программица нийса а догIуш, уггаре а хьалха оха тидам тIебохуьйту республикина сихха оьшучу, туристаш хуьлучу я Iаламан хьелаша зенаш динчу некъашна. ХIокху шарахь коьртачу декъана оха тодира дукха хан йоццуш хиллачу токхамаша дохийна хилла долу Нажи-Юьртан а, Веданан а, Шуьйтан а, Итон-Кхаьллан а кIошташкара некъаш. Уьш а, ткъа иштта оцу лаьмнийн кIошташкарчу бахархошна динчу керлачу цIенойн поселкашкара керла некъаш а Нохчийн Республикин Куьйгалхочун тIедилларца йоццачу хенахь дина девлира.

– Iаббаз, хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхо а, иштта республикин берриге а некъашдахкархойн къинхьегам а бахьанехь, вайн республикера некъаш Къилбаседа Кавказехь уггаре а тоьллачех ду. ТIейогIучу ханна хIун Iалашонаш ю автомобилийн некъийн министерствос шена хьалха хIиттош?

– ХIокху шарахь шена тIехь кхин а болх бан безачех бу Хьачара боьду некъ. Иштта тхаьш хIитточу планел сов, оха хьовса а хьовсуш, билгалйоху уггаре а хьалха некъаш тодан деза меттигаш, царна тIехь бан оьшу болх а бо. Нохчийн Республикера некъийн дикалла лакхара хилар – иза массарна а хууш долу бакъдерг ду. Вайн республикехь некъ биллаза наггахь бен меттиг яц. Цундела, коьртачу декъана министерствос беш болу болх тодан оьшуш долчу некъаш тIехь тидам латторна тIехьажийна бу. Делахь а, долчу некъех 16 процент дикалла лакхаяккха дезаш ду. Оцу тIехь а болх бан дагахь бу министерствон белхахой.

I.МУРТАЗОВ

№88, шот, хьаьттан (август) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: