Шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшца – семинар

Масех де хьалха Нохчийн Республикин Харжамийн комиссин куьйгалхоша а, говзанчаша а семинар дIаяьхьира регионерчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшца. Цигахь дийцира регистраци йинчу кандидаташна а, политикин партешна а (политикин партийн региональни отделашна) юкъахь телерадиовещанин регионан пачхьалкхан организацийн каналашкахь эфиран хан дIасаекъаран а, регионан пачхьалкхан муьран изданешна зорбанан меттиг къасторан (жеребьевка) кхаж тасар вовшахтохаран хьокъехь долчу гIуллакхех лаьцна.

IMG_0780

Семинаран балхахь дакъалецира «Вести республики», «Даймохк», «Молодежная смена», «Столица плюс» газетийн редакцийн, «Грозный», «Вайнах» телерадиокомпанийн векалша. Семинар дIа а йолош, царна хьалха къамел дира Нохчийн Республикин Харжамийн комиссин председатела Байханов Iумара. Цо шен къамелехь коьрта тидам тIебахийтира шуьйрачу хаамийн гIирсаша харжамийн кампани гайтарехь, цунах лаьцна яздарехь, харжамел хьалхара агитаци дIаяхьарехь харжамийн законодательствон лехамаш лерина ларбан безаш хиларна. Вуьшта аьлча, нийсо лелорца цхьаьна, питане дерг, харжамаш дIабахьарна кIеззиг а новкъарло хинъерг, халкъан барт бохон берг цхьа а хIума чекхдалийта ца деза шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь. Шайна тIехь долчу оцу жоьпаллех дика кхеташ а, харжамаш дIабахьарна кечамбаран муьрехь бан безачу белхан зеделларг долуш а бу вайн муьран изданийн, телерадиокомпанийн куьйгалхой а, дукхах болу журналисташ а.

Иза иштта делахь а, Нохчийн Республикин Харжамийн комиссин председателан заместитела Магомадов Iабдурахьмана, семинарехь дакъалоцуш алссам къона журналисташ хилар хьесапе а эцна, къаьсттина тидам тIебахийтира телерадиовещанин регионан пачхьалкхан организацийн каналашкахь эфиран хан а, регионан пачхьалкхан муьран изданешкахь зорбанан меттиг а регистраци йинчу Россин Федерацин Федеральни Гуламан Пачхьалкхан Думин депутаташка, Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга, Нохчийн Республикин депутаташка болчу кандидаташна а, политикин партешна а маьхза яларан кхаж тасаран къепенна.

Россин Федерацин Федеральни Гуламан Пачхьалкхан Думе депутаташ, Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ харжаран харжамашкахь дакъалоцучу кандидаташна, политикин партешна телерадиовещанин регионан пачхьалкхан организацийн каналашкахь мах боккхуш эфиран хан яларан а, муьран зорбанан регионан пачхьалкхан изданешкахь мах боккхуш зорбанан меттиг яларан а хьокъехь дийцира Нохчийн Республикин Харжамийн комиссин аппаратан правовой а, кадрийн а кхачояран отделан хьаькама Байсулаев МехIдис.

Семинар ерзош, регионан шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна харжамашна кечамбарехь а, уьш дIабахьарехь а оьшу йолу методикин материалаш елира.

Д.ПАШАЕВ

№88, шот, хьаьттан (август) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: