Л.Кузнецовс лаккхара мах хадийра Нохчийчуьрчу предприятийн белхан

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, белхан гIуллакхашца вай долчохь веана Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Кузнецов Лев а Шелковски кIоштарчу ахархойн-фермерийн «Жайна» бахамехь хилира.

gor_2933_novyy-razmer

КIорнеш-бройлерш кхиочу цехах бIаьрг туьйхира хьешаша, кхузахь дерриге а автоматизаци йина ду (йовхо-шело латторна тIера хи, докъар даларна тIекхаччалц). «Жайна» бахаман урхалчас Тепсуркаев Завалус шайн предприятин болх бовзийтира. Кхузахь арахоьцуш долу юьртан бахаман сурсаташ хIокху шеран октябрь баттахь дуьйна Чине кхачор долуш ду, таханлерчу дийнахь Москвахь, Санкт-Петербургехь, Россин кхийолчу шахьаршкахь духкуш ду уьш. Ахархойн-фермерийн «Жайна» бахаман коьртачу подразделенех ю 22 корпусах лаьтташ йолу зIакардохнан фабрика. Бахамехь болх беш 300 стаг ву, цхьаболчу муьрашкахь кхин 300 бIе стаг а балхана тIеозаво. Л.Кузнецовс лаккхара мах хадийра предприятин белхан.

Грозненски кIоштан Iалхан-Юьртахь юкъардешаран (360 дешархочунна лерина) школа ечохь а, Соьлжа-ГIалахь перинатальни туш ечохь а хилира Кузнецов Лев. Нана а, бер а цхьаьна хилийтарна дерриге а хьелаш кхоьллина йолу дуьххьарлера медицинин учреждени хир ю иза Нохчийчохь (карарчу хенахь кхузахь йолчарех нанна а, динчу берана а мел оьшу хьелаш цхьана чохь долуш больница яц). Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствехь билгал ма-даккхара, учреждени схьайиллинчул тIаьхьа хIинца бер дина наной а, кегий бераш а кхалхаран барам хаъал лахбала декхар ду.

«Iилманан-производствон «Нохчийчоьнан бошмаш» фирма» ООО-хь а хилира республикин хьаша. Л.Кузнецовца а, Р.Кадыровца а цигахь хиллачу Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара бахаман балхах а, тIейогIучу ханна йолчу Iалашонех а лаьцна дийцира. Цо билгалдаьккхира «Нохчийчоьнан бошмаш» фирма хIокху шарахь кхийолчу регионашка шен продукци кхачо йолаелла хилар.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира агропромышленни комплекс кхиоран гIуллакхашкахь къаьсттина тидам кегийрхошна аграрни гIуллакх Iаморна тIебохуьйтуш хилар. ХIунда аьлча, Нохчийн Республикин экономика кхиорехь коьрта дакъа дIалоцуш бу юьртан бахам. Р.Кадыровс дийцарехь, хIинцале а, Нохчийчохь болх беш йолчу предприятийн сурсаташ чоьхьарчу а, арахьарчу а рынкашкахь шайга вуно доккха хьашт долуш ду. Л.Кузнецовс билгалдаьккхира республикин Правительствон Председательца хиллачу къамелехь вай долчохь аграреш Iаморан туш схьаелларх лаьцна шаьш дийцина хилар. «Нохчийчоьнан бошмаш» фирмехь шена гиначунна реза хилира министр.

Цул тIаьхьа Бенахь йоккха кхеташо дIаяьхьира Кузнецов Лева. Цигахь дакъалецира Кадыров Рамзана, Эдельгериев Абубакара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Делимханов Адама, кхечара. Цигахь дийцаре дира дийннашеран туристско-рекреационни «Ведучи» комплекс кхиоран хьокъехь долу гIуллакх. Кхеташонехь коьрта докладаш йира «Къилбаседа Кавказан курорташ» юкъараллин экспертно-аналитикин балхехула йолчу департаментан директора Тимижев Хьасана а, «Ведучи» ООО-н коьртачу директора Серов Дениса а.

Р.Кадыровс билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь туризм кхиоран къаьсттина терго еш хилар.

« Веданан, Итон-Кхаьллан, Нажи-Юьртан кIошташкахь туризман инфраструктура кхуллуш ду тхо. Иштта, меттахIотто йолийна Шаройн кIошт а. Ларамаза дац таханлера кхеташо лаьмнашкахь дIаяхьар а», – элира Кадыров Рамзана.

Иштта, «Ведучи» проект кхочушъяран белхаш чIагIдан дезаш хилар а хьахийра цо.

Л.Кузнецовс билгалдаьккхира туризм дерриге дуьненахь а уггаре эвсаречу декъех цхьаъ хилар а, «Ведучи» проект Къилбаседа-Кавказехь кхочушъечарна юкъахь уггаре а коьртачех хилар а.

Кхеташо чекхъяьллачул тIаьхьа, цуьнан дакъалацархой меттигерчу производствон сурсатийн ярмаркехь хилира. Цигахь гайтина дара «Стом» маркин 17 тайпана мутт а, Россин тоьллачу 5-нна юкъадогIуш долу «Серноводски» минералан хи а, республикин агропромышленни «Лидер-А» холдинган кхечу предприятийн сурсаташ а.

А.СУЛИМАНОВА

№88, шот, хьаьттан (август) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: